Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Вийна я Iазапах велла. Полисхоша шен ваша лачкъорах дуьйцу Нохчийчуьрчу вахархочо

Вийна я Iазапах велла. Полисхоша шен ваша лачкъорах дуьйцу Нохчийчуьрчу вахархочо

Товбеца-беттан 18-чохь, цо болх бечу Соьлж-ГIаларчу ресторанера лаьцна вигира Умаров Мовсар, чIагIдо цуьнан гергарчара. Ленинскан кIоштарчу полицин декъехь волчу цунна тIекхиира уьш шолгIачу дийнахь. Нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон ютуб-канале иза хьоьжуш хиларна, цунна тIе бIаьрг хIоьттинера шайн аьлла, дIахьединера ницкъахоша. Цул тIаьхьа вайра Мовсар, цуьнан цIийнах болучаьрга хаам бира, талламан барамаш дIахьочу заманчохь, ведда, шайн карара ваьлла иза. Мовсаран гергарчу нахана, иза дийна вац аьлла хета.

Бакъоларъярхошка а бевлла, Мовсар варах ма-дарра дийца сацам хилира УмаровгIеран. Кху деношкахь "Iазапна дуьхьало латторан Комитетан" юристашка хаам кхаьчна Европерчу адамийн бакъонийн кхелахошкара, 39-чу низамах пайдаэца таро лоьху шаьш, катоьхна оцу гIуллакхна юкъагIортархьама аьлла.

Страсбургерчу кхело Оьрсийчоьнан Iедалшка хеттарш хьовсийна, мича бахьанашца кхаьчнера Нохчийчуьрчу полисхойн кара Умаров, хаийта шайна аьлла.

Кавказ.Реалии порталца хиллачу къамелехь вайначун вашас Умаров Мусас дийцира, шаьш хIунда ца теша, Мовсар ведда ваьлла бохучух а, иштта, иза дийна вац аьлла, шайн шеконех а.

- Ваша лачкъийча, хIетахь иза волу меттиг а хууш бацара, ас нене элира, нахала даккха деза вай хIара гIуллакх, бакъоларъяран организацешка а, Нохчийчуьрчу омбудсмене Нухажиев Нурдига а, Саратова Хедига а дIа а хоуьйтуш аьлла, - дуьйцу Умаровс. - Амма тхуна оцу сохьта хииира, Мовсар стенгахь ву. Ленинскан кIоштан полисхоша а, цул тIаьхьа "нефтянгой полк" олучу эскархойн декъо а къайла ца даьхьира, ваша шайгахь хилар. Беттанашкахь шайн стаг волу меттиг ца хууш хьийза кхинберш, ткъа кхузахь кхечу тайпа дара: тхоьга дуьйцура цуьнгарчу хьолах а, иза латточу меттигах а. Цундела дегайовхо яра тхан ненан. Цуьнга дIа ма аьллера, бехкзуламан гIуллакх цуьнгара даьлла дац, интернетехь Абдурахманов Тумсон роликашка хьежар бен бохуш. Цхьана кIиранах латта а вина, цуьнца къамелаш а дина, тIаккха тхан кIоштан къеда тIекхойкхур ву, дехошка бистхилла, цIа воуьйтур ву аьлла, дош деллера тхуна. Цундела нана дуьхьал хилира, хIара гIуллакх Iорадаккха, цунна зене даларна кхоьруш.

- Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча волу Байтуев Мохьмад бехке хила там бу иза лачкъорна аьлла, дIахьедир-кх аш.

- Гезгамашин-беттан 1-чу деношкахь хиира суна IАДАТ цIе йолуш телеграм-канал юйла. Наха хаийтира соьга, цуьнан агIонашкахь сан вешех а, иза лачкъорах лаьцна информаци ю аьлла, цул тIаьхьа гайтира суна Байтуевн сурт. Суна вевзира Джабраил ю шен цIе аьлла, байначу беттан 7-чохь "нефтяной полкан" декъа тIехь сайца къамел динарг. Джабраил а, Байтуев Мохьмад а цхьа стаг ву аьлла, хета суна. Мовсар лачкъочу заманчохь цо хIун дакъа лаьцна суна хууш дац, амма Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь тхан хиллачу цхьанакхетарехь процессан куьйгалла дора цо. Иза цхьаъ бен вацара луьйш верг, биссинарш юкъа ца гIертара къамелана. Бух а боцуш, доцург цунна кхолла, тхан доьзалан цхьа а бахьана дац.

- Байтуевс инстаграмехь яздинера, хьан ваша варна ша гунахь вац аьлла. Хьуна хIун аьлла хитийра, цо иштта дIахьедар дича?

- ХIаъ, цхьа а Умаров Мовсар шена вевзаш вац, нах лецар а, царна тIаьхьаваьлла лелар а шен белхан декхаршца догIуш дац аьлла, цо хIоттийна пост ас а йийшира.

Редакцин билгалдаккхар: Нохчийчуьрчу синбахаман хьукматашкарчу белхахошца къамел деш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йира меттигера вахархо Умаров Мовсар вадорна шен гIовс Байтуев Мохьмад бехке ву, бохуш, нохчийн пабликашка баржийначу хаамна. Байтуев шен гонехь ву 20 шера чохь, цкъа а ца хилла нахаца гамо йолуш, цуьнан болх деккъа дIа прессица юкъарло латторрий, ша тIедехкина декхарш кхочушдаррий бен бац, цундела цо лоцийла дац стагга а, дIахьойла дац лерина операцеш, цо цхьа а лаьцна, цхьаьнхьа а вигина вац, элира Кадыровс.

Цуьнан поста бухахь ас комментари йитира, Джабраил ву аьлла цIе яьккхинарг суна вевзи хьан суьртаца, тарло со галваьлла хила а аьлла. Делахь а, ас дехар дира Байтуевга, иза Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча хиларе терра, сан ваша лачкъорах Кадыровга дIахаийтахьара ахь аьлла. Цхьа а бахьана а ца далош, дехкина бехкаш а доцуш, хIоттийна протокол а доцуш вигина ву сан ваша аьлла. Цхьа 15 минот яьллачу хенахь сан комментари дIаяьккхинера. Кхин а цхьа хан яьлча, оцу аккаунтехь суна блок туьйхира.

- Хьан комментари дIаяйинчул тIаьхьа хIун хилира?

- Гезгамашин -беттан 8-чу суьйранна зорбан министро Дудаев Ахьмада телефон туьйхира соьга, WhatsApp-ан видеохула вистхир вара ша соьга аьлла. ХIетахь сан хан яцара, цу тIе, телефон а яра сан юза езаш. Масех сахьт даьллачул тIаьхьа со суо юха зIене велира цуьнца. Сан ваша вигарх шена хууш хIума дац бохура Дудаевс, амма, терго йинера цо Байтуевн поста бухахь йитинчу комментарин. Цунна ца тайнера, сан ваша вигарна иза бехке ву аьлла, ас билгалдаккхар. Байтуев шеца болх беш волу дикка хан а ю, догцIена стаг ву иза, цхьана а зуламечу гIуллакхна юкъахь хуьлийла дац бохуш, дуьйцура Дудаевс. Байтуев сайна вевзира элира ас. Цундела вара Дудаев видео латийна, соьца зIене вала лууш. Цо дийцарехь, Байтуев цунна уллохь вара. Дикка юха а хьажа Байтуевн бIаьра, тIаккха вуста иза Джабраилца бохура цо соьга. Байтуевца цхьана вовшахкхета деза элира Дудаевс тIаккха. Со гIалатваьлла, ца кхеташ хIума долуш санна, дора цо къамел. ТIаьхьо зIене девр ду аьлла, хадийра ас къамел, со кхоьрура сайна цаьргара зулам хиларна.

- Хьуна хаьарий, меттигерчу Iедална критика латточу блогершка хьан ваша ладоьгIуш вуйла а, оппозицин IАДАТ телеграм-канале роликаш цо кхоьхьуьйтий а?

- ХIан-хIа, ца хаьара. Охашиммо даим а юьйцург футбол яра, жимчохь ший а левзина хиларе терра. ТIаьххьарчу кхаа шерачохь со бепиг дечу пекарнехь болх а беш, мукъачу хенахь футбол ловзуш вара. Суьйранна бархI сахьт долучу хенахь дIавоьдура со балха, шолгIачу дийнан делккъахь бен цIа а ца вогIура. КIеззиг хилара тхан вовшийн гар, амма политика цкъа а хьехийна яцара. Жима кхо бер ду цуьнан, воккхачун 11 шо ду, жимахволчун дукха хан йоццуш шо кхаьчна. Тхуна хаьара, оппозицин роликашка а хьуьйсуш, Iедална луьйш болчу нехан Нохчийчохь сингаттам эккха тарлой. Нагахь санна, сан ваша цаьрца вуйла хиинехь, иза юхаваккха хьаьжна хир вара со, цуьнан берийн дуьхьа мукъна а.

- Хьуна хетарехь, мел кхерам бара хьан дахарна?

- Сайна цара цхьаъ дарна кхоьрура со. Суьйранна телефон тоьхнера Дудаевс, цхьаъ хиларна сагатдора ас цул тIаьхьа. Со кхеташ вара, сан ваша а санна, со а тIепаза ван йиш юйла, уллохь хIоттийна цхьа а видеокамера а яцара, хуьлуш дерг дIаяздан.

- Билггал Мовсарна хIун хилла хир ду аьлла хета хьуна?

- Иза лачкъийначул тIаьхьа, иштаниг тIехIоьттича тIаьхьало муха хуьлу хаа гIиртира со. Гуш ма-хиллара, лачкъийна бигина нах хан-зама яьлча тIемалой бара олий, байъина гучубоху. Суна хетарехь, вийна сан ваша я церан Iазапаш ца лайна велла. Ленинскан кIоштан полицин декъехь латтош яра цуьнан машен байначу беттан 11-чу дийне кхаччалц, цул тIаьхьа цигара дIаяьккхина иза. Оцу дийнахь Мовсаран телефона тIера тIаьххьара смс а еара тхоьга.

- Дукха хьолахь, Нохчийчохь байначу нехан гергарнаш ца хIуьтту бакъоларъярхошка а, журналисташка а орца деха. ГIуллакх нахала даккхарна шун доьзална цхьана а кепара гIо хилирий?

- Тхуна дика хаьа, хIара гIовгIа ца яьккхинехь, тхан доьзале кхаьчначух цхьанна а хиъна хир дацара. Шайн лаамехь цхьаммо а Мовсар юхавелла хир вацара тхуна, хIара санна йолу дуккхаъ а истореш а санна, гIараяланза йиссина хир яра.

***

Кху шеран байначу баттахь бакъоларъяран "Вайфонд" организацино хааме даьккхира, Соьлж-гIалахь меттигера пхи вахархо варах. Цаьргарчу информацица, вайначех цхьаъ Заурбеков Iусман вара, шолгIаниг цуьнан шича Заурбеков Абухьаьжа вара.

ХIинца а хууш дац, дукха хан йоццуш шишанна тIе хаийначу 19 шо долчу IАДАТ телеграм-каналан модераторан Тепсуркаев Салманан кхолламах.

Нохчийчохь болх бечу "Iазапна дуьхьало латторна Комитетан" юристо Аламов Мохьмада Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дIахьедира, мехкан бахархой Iедалхойх ца хIутту бакъоларъярхошка гIо деха аьлла.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

если дома нелюди конечно все можно вурнар набрали быдл полицию

МОК не допустил до Олимпиады сильнейших борцов и тхэквондистов из России

В тур по Самаре. 16-миллионного гостя поздравили на выставке "Россия"

Найден материал на господина Шойгу? Ждем следующих генералов "на выход"

Музыкальные новости

В Москве тушат пожар в здании у метро «Динамо»

Биометрии расширяют границы // Подтвердить персональные данные станет проще

В Московской области сотрудники Росгвардии задержали подозреваемого в краже электроинструментов

Футбольный фестиваль «ЦСКА — Все сюда!» провели в Одинцове

Новости России

АБХАЗИЯ. В Абхазии появится детский лагерь по типу "Артека"

Вячеслав Федорищев поздравил 16-миллионного гостя выставки "Россия"

В "мигрантском гетто" в Котельниках Центром "Э" задержан организатор "молельного дома" для мигрантов

Бренд Infinix готовит свой первый планшет

Экология в России и мире

Волосы не выпадают, они стали гуще, а на лице разгладились морщины. Затрачивать можно 5 минут на массаж затылка, лба и головы

Назван российский город, откуда в Турцию срочно увеличивают число рейсов, впервые поставив широкофюзеляжный самолет Airbus 330

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Скидки по поводу и без от Mirihi Island Resort

Спорт в России и мире

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Елена Рыбакина «заменила» Геннадия Головкина

Медведев и Сафиуллин сыграют в паре на турнире в Галле

Бьянка Андрееску: «Мне нравится, что на траве, поскольку она намного быстрее грунте, меньше времени на раздумья»

Moscow.media

Heroje H288BW- портативный сканер штрих-кодов с интерфейсом Bluetooth

Закат на Катуни

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Прощайте, я от вас улетаю







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *