Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровн заманан тIаьхьало. Нохчийчуьрчу ширачу эвлана "евроремонт" йина 

Кадыровн заманан тIаьхьало. Нохчийчуьрчу ширачу эвлана

Дагестанца дозанехь йолчу Нохчийчоьнан лаьмнашкахь бу Къоьзанан Iам. Жимачу машенахь Соьлж-ГIалара шина сохьтехь кхочу цига. ХIордана уллохь лаьтта хьешан цIа. Iаламат дика бу цига хьала воьду некъ - исбаьхьа, цхьа кхо шо хир ду асфальтан некъ биллина, отеле кхаччалц бу и некъ а. Кхин дIа а бу некъ, амма асфальт билланза, делахь а, машенахь вахало цу тIехула.

Цигарчу лаьмнашкахь кегий ярташ йиссина, цхьа наггахь бен гIала а ца боьлху цигара бахархой. Некъаца дIахIуьттий моз а, нехча а юхкуш хуьлу уьш, шайн лелош латта а, даьхний а ду церан.

Къоьзанан Iомара итт минотехь некъ бича, аьрру агIор вирзича - ширачу кешнашка кхачаво некъо. Нохчийчохь цкъа а хьуна гур доцург диссина кхузарчу кешнийн экъашна тIехь, - петроглифаш (цхьа ритуале маьIна долу тIулгаш тIера йоза), Iарбойн маттахь йозанаш а. Кешнашна тIехьара шира Хой эвла ю схьакъедаш.

Кху юьртара цхьаццайолу гIишлош йина ю XII-чу бIешерашкахь: боьттина тIулг тахана а дика лаьтташ бу, тIехула дIаваха а мегаш.

ХIусамийн бух а, чоьнаш а шен чIагIаллица лаьтта хIинца а: бIешерашкахь лаьттах ихначу гIишлойн чувоьдийла цхьаццанхьа гуш ю. Ларлуш чу водахь, ган аьтто бу ширачу цIийнан тхов а.

Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь, кхинйолчу ярташкахь а санна, кхузахь а йиттина бомбанаш. Дуккхаь гIишлош хIаллакхиллехь а, пенаш хьалха санна, лаьтташ ду.

И дерриге а гойла дара 2019-гIа шо тIекхаччалц.  Цул хьалха Къоьзанан Iоме парусан регате бIаьрг тоха веара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Делегацица цхьана Хой веана, доттагIашца шашлыкаш а йиина, цо дIахьедира: меттиг дика ю, катоьхна денъян еза.

Белхаш жигара бора, дуккха а бIешерашкахь лаьттинчу гIишлойн метта тIулгийн цIенош хIиттош, дийнна урамаш дехкира. ДIахIоттийра йоккха вайнехан бIов а. Бомбанаша ца къарйинчу, дуккха а бIешерашкахь тесна йитина, тIемаш лайна Хой цементна юкъайоьллира, ма-дарра аьлча.

Туристашна меттигаш хазъян лаам цхьана Нохчийчохь хилла ца Iа.

Иштта хIаллакйира Дагестанехь Нарын-Кала шира гIала а. Дербентан 2000 шо кхочучу денна кечъеш хиллачу цуьнан пенаш дIа а нисдина, ерриг а кIайчу тIулгаца дIайоьттира. 

Тахана Нарын-Кала дагестанхойн цхьа хьолен цIа санна го, ондачу кертаца юкъа а ерзийна. Дуьненаюкъара хазанаш лардечу ЮНЕСКО-н тептаре яьккхинера иза, ткъа хIинца иза юхайинчул тIаьхьа кхерам бу, иза юкъара яккхаран.

ЮНЕСКО-н тептарехь цкъа а хилла яц Хой, регионалан тIегIанехь синбахамаллин тIаьхьалонан объектан статус бен яц цуьнан.

Оцу юкъанна кхеташ дац, юха кечйинчул тIаьхьа, муха юьссу иза оцу статусехь а. Тахана Хой- Кадыров Рамзанан эпохин тIаьхьалонан объект ю. Цо куьйгалла а деш, лекха а, йоккха а, еза а, массо а хьега а веш, жимма а цунах кхера а кхоьруьйтуш, йина ю иза.

Юьхьанца Кадыровс ца бахара, Хойн метта гIалин кепехь гIишлош хIиттон еза аьлла, хехойн бIавнаш меттахIиттор дара цо хьахийнарг.

Амма белхаш бечарна чIогIа лиинера, шайн хьаькам реза ван. Оцу бахьанашца республикерчу уггар а хазачу меттигах бевлла нохчий.

Кху исторехь уггар а кхерамениг - шира Хой хIаллакъяр а дац, лакхарчу хьаькамашкара кхечу хIолламашна кхерам латтар ду.

2019-чу шарахь Кадыровс дийцарехь, историкан-культуран объекташ талла а толлуш, уьш Iалашъяр шайн тергонехь латтош кхоьллина комисси ю.

"Тхан Iалашо ю- тхайн сийлахь истори юхаметтахIоттор а, тIаьхьарчу тIаьхьенна иза йитар а. Оцу тIехь билггал гайтамаш бу тхан. Амма цу тIехь совца йиш яц. ТIейогIучу хенахь а къахьега дезаш ду вай, жамIаш кеста гур ду. Массо а агIор кепаш вай лелор ю", - элира хIетахь Кадыровс.

Нагахь санна, лелон йолу кепаш, Хой "денъеш" пайдаэцнарш хилахь, Нохчийчохь дийна юьсур яц цхьа а шира гIишло а, хIоллам а. 

Историкан-културан тIаьхьалонан бахам Iалашбарехь къахьоьгучу комиссино, Хой эвлахь бечу балхах лаьцна  дуккха а матераилаш зорбане ехира: субботникаш а, кхинболу белхаш а буьйцуш.

Дукха хан йоццуш Итон-Кхаьллана уллохь а хилла комисси, цигара шира вайнехан бIов меттахIоттон хьийза уьш хIинца.

"Итон-Кхаьллан кIоштара чохь нах баьхна бIов "Бечигская" ширачу историн кхин а цхьа объект ю.  Туристийн а, хьешийн а аьтто хир бу кхуза бахка", - яздо комиссин сайтехь.

Оцу юкъанна юхаметтахIоттийначу Хой эвлана тIехула йоьгIна Кадыров Ахьмадан сурт тIехь долу байракх ю. Йоза а ду цу тIехь: "Ахмат - сила" аьлла. 

Оцу ницкъо хьаладайтина, тахана чохь Iаш стагга а воцу,  Соьлж-ГIалахь тIекIелдина цIенош, инзаре йоккхачу, "Ахмат Тауэр" аьлла, Кадыров Ахьмадан цIарах музейн бизнес-комплексан проект а кхочушъяйтира 102-чу гIат тIехь оцу ницкъо. Сунжан хийистехь "Грозный Молл" йохкаран центр хьалаяр а тIедожийра оцу ницкъо. Депортаци йинчу къаьмнашна а, тIемашкахь байъинчу нахана а хIоттийна хилла хIоллам а дIабаьккхира цуьнан дуьхьа.

Шелахь йоккха отел а яйтира оцу ницкъо, цигахь ма вац цкъа а цхьа а соцур а. Оцу ницкъо хIуъа а "меттахIоттайойтур" ю. Хир ю и еза а, хьоле а. Шен Iалашо кхочушъярхьама, оцу ницкъо эшахь бакъйолу истори а хIаллакйийр ю.

"Авторан бакъо" рубрикехь дуьйцург редакцина хетачуьнца бIостане хила а тарло

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Москве произошло массовое отравление салатами из доставки

«Наследственные болезни обмена веществ могут «выстрелить» неожиданно»

Вод новый поворот: страны Центральной Азии согласовали строительство гигантской ГЭС

CCTV: в Китае два человека выжили после попадания молнии на вокзале в Цзиньчжоу

Музыкальные новости

Сотрудники Дмитровского ОВО Росгвардии по Московской области приняли участия в спортивном празднике Динамо

«Неприятно, что случилось в Казани». Шипачев — о переходе в минское «Динамо»

Пожар у станции «Динамо» в Москве потушен

«Всю жизнь я зарабатывал пением и… легким аферизмом». Прохор Шаляпин раскрыл источники дохода в шоу «Вкусно с Анфисой Чеховой» на ТВ-3    

Новости России

«Марионетка Путина!» – пока Дуда клеймил Лукашенко, Шольц фильтровал базар

Вод новый поворот: страны Центральной Азии согласовали строительство гигантской ГЭС

Музей Победы ко Дню медика открыл новую площадку

«Наследственные болезни обмена веществ могут «выстрелить» неожиданно»

Экология в России и мире

Сэкономить и оторваться с Angsana Velavaru

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Попурри мелодий и дух патриотизма: военный оркестр в парке «Кузьминки» отметил День России

Dior Resort 2025

Спорт в России и мире

Дзюба заявил, что был бы теннисистом уровня Сафина

Елена Рыбакина «заменила» Геннадия Головкина

Дядя Надаля назвал причину поражения Зверева в финале «Ролан Гаррос»

Александрова вышла во второй круг турнира WTA в Хертогенбосе

Moscow.media

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

Любимый кроссовер Kia снова в России по привлекательным ценам. Они приятно удивят.

Храм Преображения Господня в Коммунарке







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *