"Кхераме" нохчо, комехь йиссина йоI, юьйцу карантин
![](https://gdb.rferl.org/cc9b902f-f666-45e9-99db-22c662a524b7_tv_w800_h450.jpg)
Германин Iедалхоша Оьрсийчу дIахьажийна шайн пачхьалкхана кхераме лерина нохчийн мухIажир. Байначу баттахь дуьйна Москвахь этIийна йоI метта ца йогIу. Нохчийчоьнан парламентан спикеро бакъ ца дина, республикехь шолгIа а изоляцин раж кхайкхош ю бохург.