Хангошвили верах долу дов листа долош ю Берлинера кхел
Германии Федеральная прокуратуро Оьрсийчоьнан куьйгаллина т1едиллина Хангошвили верах долу жоьпалла.
Стохка Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.
Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIодина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.
Оьрсийчоьнан Iедалхоша тIе ца дуьту, Хангошвилина динчу тIелатарна шаьш бехкехилар. "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, аьллера президента Путин Владимира.