Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Соьлж-ГIала кхачаро доллу дахар хийцира сан". ТIамах а, машарх а дуьйцу бакъонашларъярхочо Дмитриевский Станислава

Оьрсийчохь йихкинчу, амма Финляндехь юха кхоьллинчу "Оьрсийн-нохчийн доттагIаллин Юкъараллан" директор ву Дмитриевский Станислав. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь гуманитаран миссица вогIура иза республике, зенаш динчу нахана реабилитаци ярехь а гIо латтадора цо. Машарца тIом сацон беза бохуш, Ичкерин президенто а, вице-премьеро Закаев Ахьмада а бина кхайкхам зорбане баьккхинчул тIаьхьа, къаьмнашна юкъахь гамо гIаттийна аьлла, бехке а вина, арахь даккха ши шо хан кхайкхийра Дмитриевскийна.

Кавказ.Реалиин редакцина еллачу интервьюхь Дмитриевскийс дуьйцу, Нохчийчохь тIеман заманахь ша а, шен белхан накъосташа а Кремлан пропагандана дуьхьало латторах а, кхечу адамашлахь адамалла хилар гойтуш, кхахьегарх а.

- Станислав, Нохчийчохь шолгIа тIом карзахбаьллачу юкъанна, хьанна дагадеара и организаци кхолла, тIехула тIе "Оьрсийн, нохчийн доттагIаллин Юкъаралла" аьлла, цIе а туьллуш.

- Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш, бакъоларъярхо а, журналист а санна, со Нохчийчу ваханера. Бакъдерг дуьйцур ду ас, 1995-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлж-ГIала кхачаро доллу сан дахар тIекIалтуьйхира. Цул хьалха дуьххьара гIулчаш йоху Iилманча вара со, археолог. ХIетахь дуьйна дерриг а цхьа башха хийцаделир-кх сан...

ТIамца вовшахкхетар дара и, хьуна цхьа вониг гина ца Iаш, инзаре харцо а го, тIаккха хьан ойла хуьлу: я ахь кхузахь цхьаъ дан деза, я хьо данне а дац адам. И дерриг ган а гуш, гIо дан а ца хьожуш Iойла дацара. Адамаллин хьаса хьоьца цахилар ду иза, бен доцуш Iийнехь.

ШолгIа тIом болабелча, мел а долчух сурт дика девзаш вара со, кхечу сан пачхьалкхан бахархошна хуучул а. Наб яйнера сан, со кхийтира, цхьаъ дан дезаш хиларх. Мохь тоьхна, цхьаъ дIахьедан дезаш дара, тхуна ца лаьа оцу мохана юкъа дола аьлла. Иштта ойла хилира "Оьрсийн, нохчийн доттагIаллин Юкъаралла" вовшахтоха.

ХIетахь нохчий а, оьрсий а дуьхьалхIотторна еш пропаганда яра, цхьа ишта мохь бар-кх хIара тхан. Тхуна-м ца моьттура, оца цIогIанах, берашна гIо а деш, информацин агенталлан болх дIа а нисбеш, цхьа йоккха организаци хир юйла

Нохчийчуьра нах карийра тхуна, мухIажиршлахь, тхан санна ойланаш йолу. ХIетахь гучувелира Эжиев Iимран а(Нохчийчуьра юкъаралхо, мухIажирш дIатарбинчу каппашкахь бакъоларъярца доьзна хеттарш луьстуш хилла.-редакцин билгалдаккхар.), Кутаев Руслан (нохчийн бакъоларъярхо.-редакцин билгалдаккхар). Iаламат дукха тхайн агIончаш карийра тхуна.

- Кхин мила вара юкъараллан коьртехь?

- Нижний Новгородехь Каляпин Игорь вара, хIинца "Iазапна дуьхьалояран Комитетан" куьйгалхо ву иза. Дукха адам дара техникан а, кхоллараллин а интеллигенцера. Доцца аьлча, тайп-тайпана адам дара гулделларг, юьхьIаьржа бара уьш, тапъаьлла Iен ца лаьара царна.

- 2000-чу шарахь, Нохчийчохь  тIемаш марсабевллачу заманчохь ГIалгIайчуьрчу Слепцовская олучу эвлахь, спортхочо Бадалов Руслана куьйгалла дечу "Къам кIелхьардаккхаран нохчийн комитетан" съезд дIаяьхьира. Шун накъост трибуни тIе а ваьлла, ша "Нохчийн, оьрсийн доттагIаллин Юкъараллан" векал ву аьлча, оцу чохь гулбелларш цкъа хьалха бийлира, юха куьйгаш детта буьйлабелира. Кремлан пропагандано массо а нохчо террорхо волуш санна, гойтучу заманчохь, "нохчийн, оьрсийн доттагIалла" бохург цхьа кхардам санна хезара. Хьан доттагIаша а, бевзачара а муха тIеоьцура шун болх? 

- Тайп-тайпана хуьлурпа церан хьажамаш. Хала дара, амма адамийн юкъаметтигаша даим а дуьхьало латтайо пропагандана. 2000-чу шеран бIаьста дуьххьара сацам бира оха нохчийн бераш реабилитаци далон. Цунна йина реакци оьгIазе яра, ур-атталла, Нижний Новгородерчу журналисташлахь а. ХIетахь журналистика мел а йозуш йоцуш яра, цундеда лакхарчу цхьаммо цхьаъ аьлла хила мегара бохург, тIедуьтийла а яцара. "Аш террорхойн бераш схьадалор ду, ткъа цара машенаш ен завод оьккхуьйтур ю..." бохуш, дуьйцура телевизионехь. Дуьйцу хIума ма дацара иза!

Цара хIуъа а дийцахь а, бераш далийра оха. Немцов Борисан доттагIчо, гIалин мэро Скляров Ивана стол тIе буй а тухуш, элира, берийн бехк бац, бераш тIамехь дац, бераш оха кхуза схьадалор ду, цул совнах, уггар а тоьллачу садаIаран базехь а дуьтур ду аьлла.

Тхайн берашца цхьана дIатарбира оха уьш. Вовшашна гира уьш, цхьа а проблема а ца хилира, пропагандано шен болх бинехь а. ХIетахь со цхьана хIуманах дика кхийтира, пропагандистийн штампашца шина а агIоно шена хеттарг дуьйцур-м ду, амма уггар а коьртаниг - адамаш вовшахтохар, вовшашна гайтар, вовшийн бIаьргаш чу хьажар ду. 

–  Ахь хьахийра, Оьрсийчохь хьо чуволла гIиртира аьлла. ХIун дара хьуна дуьхьал даккха хьийзориг?

- Формалехь аьлча, мостагIалла карзахдаккхар аьллачу артиклехь биллинера бехк, маьршша системана дуьхьал бевллачу дуккхаъчу нахана дуьхьал а дехира тIаьхьо изза бехкаш. Ши публикаци яра цигахь. Европарламенте Масхадов Аслана яздина кехат а дара, бертан дийцарш дIадахьа гIо доьхуш.

Оцу кехата тIехь, Оьрсийчоьнан политикех шена хетарг а, доккхачу декъанна, Путинах йолу позици а йовзийтинера цо. "ЦIий Iанийна зуламе путинан режим", ишттачу чулацамехь яздинера цо. Закаев Ахьмада, Леопольд цициган санначу кепехь яздина, кхин а цхьа кехат дара. Иштта дара цигахь: "Оьрсийчоьнан къоме доттагIаллин куьйг кховдадо ас, пачхьалкхан урахалхойн коьрташна тIехула". Путинехьа кхаьжнаш ма таса, хIунда аьлча, машаран парти яц цо йовзуьйтург, тIеманиг ю  аьлла, бина кхайкхам а бара цу тIехь. Къаьмнашна юкъахь динан а, расан а мостагIалла карзахдаьккхина аьлла, бехкала воьллира со. Экспертизехь чIагIдора, "ЦIий Iанийна зуламе путинан режим" бохучохь "Путинан" бохург доккхачу элпаца яздан дезара, вуьшта - Путин аьшнашвар ду иза бохуш. Кхин а дуккха а сонта хIуманаш дара цу тIехь яздина.

- Набахте хьажочуьра муха кIелхьарвелира хьо?

- Со чувоьллина хир вара аьлла хета суна, сан белхан наъосташа шайн солидаралла ца гайтинехьара. Бакъдерг аьлча, оццул стагана нах тIехIиттина меттиг, суна дага а ца богIу.

Дукха хан йоцуш, Каляпинца цхьана оцу хьокъехь цхьаццадерг дагалоьцуш, дукха вийлина тхойша. Ас боху, ма дика кхел яра иза, дуьненаюкъарчу цхьана а конференцехь ца гулделлера оццул дукха адам: Политковская Анна (Новая газетан хилла журналист, йина иза 2006-чу шарахь. -редакцин билгалдаккхар), бакъоларъярхо Алексеева Людмила, Ковалев Сергей, Ганнушкина Светлана. Кхечу пачхьалкхийн векалтийн белхахой, Iаламат дукха сан доттагIий, Нохчийчуьра коллегаш а цхьана баьхкинера. Адам цхьана хиларан доккха масал дара иза, суна хетарехь, ца хIоьттира кхелахой набахтехь яккха хан тоха.

Билгалдаккхар: 2006-чу шеран ГIадужу-баттахь Нижегородскан прокуратурано иск кховдийра кхеле, "Оьрсийн, нохчийн доттагIаллин Юкъаралла" дIакъовлар доьхуш, кхело жоп а делира. Цхьа могIа журналисташа, Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а бакъонашларъяран организацеша, шайлахь Amnesty International а йолуш, емал бира кхелахойн сацам. Дмитриевскийс бахарехь, Европарламентан 20 гергга депутато а гIо лецира церан.

- Цул тIаьхьа Гуьржийчоьнца тIом иккхира, цунна тIаьхьа Украинехь а, эххар а, Оьрсийчоьнан пропагандехь украинхойх "фашисташ" хилира...

- Юьхьанца дуьйна а, хууш дара, иштта гIуллакх доьрзур дуйла. Суна дагадогIу, 1995-чу шарахь Каляпинца цхьана Нохчийчу вахара тхойша эттIа мачаш когахь, халла бен болх беш йоцчу диктофонца, карахь доцу ахча а, кхин мел дерг а. ХIетахь цхьа синкхетам бара, Оьрсийчуьра доллу хьал а хуьйцур долуш,  цхьаъ хуьлуш ду-кх аьлла. Нохчийчохь тIеман операци а йолийна, Ельцин а, цуьнан команда а ямартъелира, шаьш Iедале догIучу заманчохь шайца деанчунна. Хууш дара, пачхьалкхна а, юкъараллана а бекхам боцуш дуьсур доцу, юхадерзар хIара дуйла.

Цхьана жимачу территори тIехь диктатура а хIоттийна, денна бохург санна, зуламаш а лелош, хIетте а демократин пачхьалкх санна юьссийла дацара. Ишта ца хуьлу!

***

Дмитриевскийс кхоьллинчу "Оьрсийн, нохчийн информацин агенталлана" Гамбургехь Буцериус Гердан цIарах совгIат делира 2006-чу шарахь. Оццу шарахь, Дмитриевскийна а, цуьнан коллегана Челышева Оксанина а лерина совгIат дира Лондонехь Amnesty International организацино, кхерамечу хьелашкахь бакъоларъяран журналистикехь болх барна аьлла. 2007-чу шарахь ГIадужу-беттан 30-чохь Финляндино официалехь болх бан бакъо елира "Нохчийн, оьрсийн доттагIаллин юкъараллана". Цуьнан куьйгалхо хаьржира Дмитриевский Станислав, ткъа цуьнан гIовс ю аьлла, билгалъяьккхира Финляндин бакъоларъярхо Мартинсон Ева.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Удушить возбудителей. Эксперты объяснили, как защититься от ботулизма

Собянин: Фармкластер в ОЭЗ «Технополис «Москва» станет крупнейшим в стране

Пользователям доступна новая функция на портале архивно-библиотечного фонда ВДНХ

Кемеровчане предложили сотрудникам мэрии пересесть на общественный транспорт

Музыкальные новости

Сказка театра Ульгэр в Бурятии «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир волшебства - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети:

«Волшебные башмачки Элли» - эта постановка создана по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города» - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Футбольный фестиваль «ЦСКА — Все сюда!» провели в Одинцове

В столице Бурятии в городе Улан-Удэ в театре кукол «Ульгэр» 14-16 июня пройдут «Волшебные выходные»! - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Новости России

Казань вошла в топ-3 городов России по дороговизне комнат

На 50 тысяч туристов больше посетили Новосибирскую область за первые три месяца года

Счетная палата добилась рекордного штрафа на 100 миллионов рублей для «Почты России»

Собянин: Фармкластер в ОЭЗ «Технополис «Москва» станет крупнейшим в стране

Экология в России и мире

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Работы по ремонту детского сада на улице Строителей в Реутове завершены наполовину

Зубные щетки Revyline Perfect DUO и зубная паста Organic Detox против кариеса в Назрани

Tod's, коллекция menswear весна-лето 2025

Спорт в России и мире

Теннисисты Медведев и Рублев сохранили позиции в рейтинге ATP

Скачков и Тайлакова выиграли соревнования по настольному теннису на Играх БРИКС

Самсонова обыграла Александрову и вышла в финал турнира WTA в Хертогенбосхе

Людмила Самсонова не отдала голландскую траву // Она продолжила серию российских побед на теннисном турнире в Хертогенбосе

Moscow.media

Башенный комплекс "Ний" (Ингушетия)

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Отделение СФР по Москве и Московской области выплатило единовременное пособие при передаче ребенка на воспитание в семью 474 семьям региона

Hyundai привозит в Россию старый добрый седан по цене LADA Vesta

В Коми ввели штрафы за «склонение к абортам»







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *