40 гергга стага тIелатар дина Парижерчу полицин декъана
![40 гергга стага тIелатар дина Парижерчу полицин декъана](https://gdb.rferl.org/858817af-e587-4aa3-bf4a-878113ae8f91_tv_w800_h450.jpg)
40 гергга стаг, карахь аьчкан серий а долуш, чувала гIоьртина полицин декъана Парижан гIалин йистехь. ТIелатар динчара петардаш кхиссина полицин керта, амма чубовла аьтто ца баьлла церан. Инцидент дIайирзина, вийна а, лазийна а стаг воцуш, амма хиллачо эргIадбахийтина ницкъаллин структурийн белхахой а, аьттоагIор кхетам болу политикаш а.