Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Хазбиев Мохьмад ЦПЭ тIекхайкхина хилла

Оршотан дийнахь экстремизмна дуьхьало латточу Центро (ЦПЭ) хеттарш дан тIекхайкхина хиллера ГIалгIайчуьра оппозиционер Хазбиев Мохьмад, Сунжан кIоштан полицин декъан хиллачу хьаькамо Беков Мохьмада арз а дина. Хазбиевс ша вуьйр ву аьлла, кхерам тесна шена аьлла, дIахьедина хилллера Бековс, оппозиционеро дийцарехь.


Карладоккху, бакъо йоцуш герз лелорна а, хIетахь мехкан куьйгаллехь хилла Евкуров Юнус-Бек аьшнашварна а аьлла, стохка аьхка ши шой, бархI буттийн колонехь а даьккхина, маьршаваьккхира Хазбиев. Цул тIаьхьа цо дIакхайкхийра, харцонца къийсам латтор болуш ву ша кхин дIа а аьлла, иштта цо дог ийцира Зазадокху-баттахь Магасерчу митингехь латтарна лецначийн а.


Оппозиционеран вашас Хазбиев Мурада дийцина "Кавказский узел" агенталле, Бековца доьзначу гIуллакхна тIехула кхайкхина вара Мохьмад аьлла. "ЦIера телефон туьйхира соьга, Беков Мохьмада сан вешина арз дина аьлла, цундела Центро тIекхайкхинера иза. Ша вуьйр ву аьлла боху... Со цкъачунна республикехь вац, кхин совдаьккхина хууш хIума дац цундела", - аьлла вашас.


Кхо сахьт гергга ЦПЭ-н гIишло чохь даьккхинчу Хазбиев Мохьмада хаамбина агенталлан корреспонденте: "Iуьйранна 10 сахьт даьлча чувахана, делкъанна сахьт даллалц цигахь вара со. Шина машенахь, герзах боьттинчу нахаца со дIасалелаш ву, со ша вен кечлуш ву аьлла, латIкъамбинера Беков Мохьмада. 


"Нагахь санна вайшиъ вовшахкхетахь, хьо дийна дIагIур вац боху цо соьга, ткъа арз дина, со ву ша вен гIерташ аьлла. Центрехь хеттарш дира соьга, ларло а элира...Дерриг а низаман гурашкахь дара, Хамхоев волуш санна дацара, чу а ца лилхира, кхерамаш а ца тийсира", - аьлла, дийцина Хазбиевс.


Дуьхьал арз дан  Iалашо яц оппозиционеран. "ГIалгIайчуьрчу божарша полици дIахьедарш а деш, къесто ца деза гIуллакхаш. Оцу Iалашонна къаной бу, шарIан кхел а ю, цара луьстур ду дерриг а", - аьлла Хазбиев Мохьмада.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *