Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шмидтке Екатерина: "Адаман дахар цхьана а меха дац цигахь"

Шмидтке Екатерина:

Iарбийн мотт а Iамийна, Цхьаьнатоьхначу Iарбийн Эмираташка яхана, цигахь ахча а даьккхина, Оьрсийчу юхаян - иштта лааамаш бара Санкт-Петербургерчу студентан Шмидтке Екатеринин. 2009-чу шарахь Димаьшкъарчу Iарбийн меттан Институте деша тасаелира иза. Амма бакъду, маьршачу масех шерачохь мотт шар ца белира цуьнан. Iарбойн мотт бийца декхаре йира иза гIаттамхойн тIамо а, Шемарчу набахтено.

Оьрсийн Свобода Радионо а, Настоящее Время телеканало а юкъахь йолийначу "Iарбийн буьйса. Оьрсийчуьрчу зударийн Шемара истореш" ("Арабская ночь. Истории россиянок в Сирии") проектан цхьа дакъа ду хIара текст.

2009-чу шарахь Димаьшкъарчу Iарбойн меттан институте деша хIоьттира со. Иштта атта а ца хиллера мотт Iамо. Цкъа делахь, 18 пачхьалкхашкара студенташ бара группехь, доккхачу декъанна, ингалсан мотт буьйцура оха вовшашца. ШолгIа аьлча, шемахойн диалект Iаламат чIогIа къаьсташ ю литературехь йолчух. Иштта ехха йиссира со Шемахь. Юьхьанца Димаьшкъарчу хьоладайн кIошташкахь ехаш яра со, цул тIаьхьа жимма къенчу меттиге дIаяхара. Суна хетарехь, кхечу пачхьалкхера со цхьаъ бен яцара цигахь, ткъа ингалсан маттахь вистхуьлуш стаг а вацара. Дукха ца Iийра со цигахь - гIали чохь демонстрацеш йолийра.

Демонстрацеш, маршо, "демократин доза" а

Дуьххьара Димаьшкъахь арабевлла нах цхьа чIогIа самукъане гора. Британера Кристина цIе йолуш цхьа доттагI яра сан, ас боху цуьнга цкъа: "Хьажахьа, президентехьа, Асад Башарехьа бу-кх уьш".

Цо жоп делира: "ХIаъ, амма суна хетарехь, царна бен-башха а дац, хьаьнгахьа шаьш ду, церан смаукъадолу меттиг бу хIара".

 

Боккъал а, тIаьхьо президентана дуьхьал арабуьйлура нах. Тхуна а лаьара цаьрца дакъалаца. Амма, тхо кхечу пачхьалкхера даьхкина хидаре терра, кхоьрура.

"Мухабарат" олу цхьа дош ду. Шеман къайлаха сервисаш ю уьш, ма-дарра аьлча, мотт беттачийн, бахархошна тIехь контрол латто урхалла ю иза.

Шема а веана, цигахь кхаа батте ваьллачу хIора а студентан цхьа доттагI волу. Массарна а ца хаьа, иза мухабаратера вуйла. Арахьара чубаьхкинчу наха лелочунна а, церан дахарна а тIехь терго латтайо цара. Нагахь санна, шайна цхьаъ тусалахь, хаамбо.

1996-чу шарахь тIемало хилла цхьа стаг вевзинера суна. Цунна гIан гинера, Шеман президент хиллачу Асад Хафезна ша герз тухуш. Шеца балхахь болучаьрга дийцина хиллера цо и гIан. Iуьйранна хIума кхоллучу хенахь дийцинера цо гIан, делкъал тIаьхьа набахтехь хиллера иза: "Оха меттавалор ву хьо, хьан гIенаш а патриотикан хила деза" баьхнера цуьнга. Пхеа шарахь эхашарахь набахтехь валлийнера иза. 2011-гIа шо карадеача, нах гIаттаме ийзон волавеллера иза.

Ас къамелаш динчу шемахоша олура, революци оьшу шайна, амма иза цхьа маса хир ю. Царна моьттура, шайн "Iарбийн бIаьстенна" Европа тIетовр ю.

Кхаа баттахь сатоьхча - Шемахь демократи хир ю. Ас хоьттура: хIун ю демократи?

Суна жоп лора: "Демократи-маршо ю". Дика ду, ткъа хIун ю маршо? "Маршо - демократи ю".

Екатеринас дагалецарца, конфликт йолаеллачул тIаьхьа Шемара бахархой маьрша дIасалелара пачхьалкхехула.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша дIалаьцначу, йа Маьршачу шемахойн эскаран территори тIе йоьдучу автобуса хаа йиш яра Димаьшкъахь.

Коьртаниг дара - блокпосташкахь бечу талламах чекхвалар. Шайгахь герз доцург массо а волура цигахула дехьа.

Iарбойн маттахь бекхам "интикама" бохург санна хеза

Алеппона гергарчу меттиге даьхкира тхо 2012-чу шарахь, тхайн доттагIашца цхьанакхета. Блокпосташ дукха хиларна тхо ца ларийра серло йоллушехь тхаьш доьлхучу эвла дIакхача, цундела Алепперчу хьешан хIусамехь буьйса йоккхуш совца барт хилира тхан.

Мухабаратера стаг вара хIора Шемарчу отелехь. Хьешан хIусамехь Iар а долуш, хIора цигахь соцучух хаам беш хиллера цо.

Тхо цигахь севча, тхоьгара паспорташ дийхира цо, шолгIачу дийнахь информаци дIакхачийра. Шу муьлхачу динах ду аьлла, хаьттира тхоьга цигахь. Сан доттагI Кристина Евангелин керстанах ю, цо ма-дарра дIа а элира. ТIаккха цхьахвериг хеттарш дан вуьйлира, и бохург хIун ду, Делах теший бохуш. Евангелие схьаэца элира цуьнга Кристинас.

Шемахь керстанаш а бу, православин а, католикан а килсаш а цхьана ю, амма Евангелие даржор - зулам лору. Оцу бехкана набахте а вохуьйту, зина динарш а, сагIа дехнарш а санна. ХIетахь тхуна ца хаьара цунах лаьцна.

Тхоьга хеттарш деш хиллачу Шемарчу къоман кхерамзаллан урхаллерчу цхьаммо, соьца буьйса яккха лаьа шена элира. Ас дуьхьало йира, тIаккха со аьшнашъеш, боьха мотт лебора соьга, эххар а элира: "Ас бекхам бийр бу хьуна".

ШолгIачу дийнахь полисхойн декъе дIадигира цо тхо.

Саццанза йоьлхура со. Камера чохь долу хьелаш ледара хетара. Дийнахь цкъа бен юург ца лора, амма йовханиг хуьлура. Цкъацкъа олура: "ДогIа ду догIуш, мила гIура ву шуна оцу йочанех кхалла хIума эца?"

Полисхой буьйлура тхох, етта а еттара тхуна. Итт дийнахь чохь латтийра тхо. Цул тIаьхьа боккъал а йолчу набахте кхачийра тхо. Цигахь билггал ирча хьал дара.

Сайна гинчух метта ца йогIура со. Лаьттахь массанхьа а Iохкуш адамаш дара. Меттиг ца тоьара, адамийн боьха догIмаш дар-кх вовшахъийна. Хьацарш а, цIийш а дIаийна массеран а цхьатеррачу басехь духарш дара - таьIна мокхачу басахь. Цхьаболучарна йиттинера, чевнех ноткъанаш йинера. Боьхачу хьожехь корта а хьийзара.

20-х стаг чохь волчу камера чохь дIатардира тхо, доккхачу декъанна, зуламаш дина а, нахаца лелла а зударий бара уьш.

Хи а, кораш а, йа садоIийла а яцара камера чохь. Дийнахь шозза туалете дохуьйтура тхо. Пенаш тIехула хи хуьлура охьаоьхуш, тховх а ладарш Iенара. Массанхьа а мезий дара, кIамдарш девлира.

Цхьаммо неI схьаеллахьара аьлла, дехар дича, набахтен белхахоша олура: "СадаIа лаьара хьуна? Схьайоьл кхуза"- месаш тIера а лоций, текхабора зударий, цIийш туьсуьйтуш, еттара, тIаккха юха а набахте чу кхуссура.

Цигахь дийнахь цкъа бен ца лора яахIума. Кхехкина шийла ши картолг а, кхо хьокхам а. Наггахь Iайгахь хумус лора, мустбеллачу тIоца йа зайт-стоьман даьттанца.

Холлехь хеттарш дора тхоьга. Лаьтте боьха хуьлура, цIийх а юзий. Юург дIасалуьстучу тутмакхо а цигахь бора шен болх. ТIехбовлучу набахтен белхахоша еттара цунна, карара юург охьа а эгош.

Тхоьца чохь долу зудабераш сих-сиха цомгаш хуьлура, юучух цатам хуьлий хьийзара, ткъа молханех цхьа анальгин бен луш а дацара.

ТIулгийн лаьттахь дара тхан дуьйшар а. Дуьххьара тIетосу юргIанаш дара тхан, амма уьш сиха тIададора, цул тIаьхьа цхьа хаза тайп-тайпанчу беснашкахь матар тосура царна. ХIаваъ довха дара, амма пенаш шийла.

Суна хетарехь, Кристина (доттагI)цундела цомгаш хилла хир яра. Жаннашкахь лазарш дуьйладелира цуьнан. Даим а мохь оьхура цуьнгара, юучух а, молучух а хаьддера. Юха сенъяла йолаелира иза, тиларчу а яхара. Камеран неI еттара ас: "ГIо дейша, сан доттагI ю леш" бохуш. Жоп делира: "Иза елча, хаийта".

Иштта олура цара. Тхуна хезара кхечу камерашчуьра оьху маьхьарий "Тхоьца велларг ву" бохуш. Багахь цхьаъ Iуьйшушшехь, хадархочо олура: "ХIума кхаьллина ваьлча, араоьцур ву".

Адаман дахар цигахь цхьана а хIуман меха дац. Массарна а тIехь бохург санна, ницкъбира оцу набахтехь. Масех сахьтехь Iазап латтадора. Тхо ца хьийзадора, хила тарлора иза, тхо кхечу пачхьалкхашкара даьхкина хиларна.

Политикан зуламхой ду шу олура тхоьга. Кхин а мел чохь дуьтур ду хаьттича, жоп луш стаг а вацара.

Полицин декъехь со ларийра сайн доттагIчуьнга дIахаийта, тхо совцадарх. Цуьнах а аьтто белира тхуна. 20 де даьлча Оьрсийчоьнан векалтана карийра тхо. Тхуна тIейогIучу заманчохь депортаци а еш, Димаьшкъарчу кхечу набахте дехьадохуш, кехаташ кечдан буьйлабелира.

Цхьана сахьтехь кхачийра тхо Димаьшкъарчу Кафер Сусси набахте. Эххар а посол а веара тхуна тIе. Евангелие дин даржорна тхо политикан зуламхой лору цара аьлла, кхетийра тхо. Цул тIаьхьа цхьа кIира даьлча Оьрсийчу дIахьовсийра тхо.

Петербургехь Шмидтке Екатеринас дешна суьрташ даха Iамош. Масийттазза Шема юхаяхара иза, оцу пачхьалкхерчу дахарх суьрташ даха. 2017-чу шарахь Германи а, Туркойчу а яхара иза, Шемара бахкинчу мухIажиршца къамелаш дан. "ПаргIато йоьху доIанаш" цIе тиллина документалан фотопроект кечйира цигахь Екатеринас. Шемарчу набахтехь хиллачийн суьрташца, цара лайначух дуьйцуш.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Спортхаб с памп-треком и всесезонной площадкой открыли в районе Филимонковский

В Москве прошла церемония прощания с депутатом и исследователем Артуром Чилингаровым

Инженер из Мытищ получил льготную ипотеку и приобрел жилье

Росатом и Татарстан продолжают расширять технологическое сотрудничество

Музыкальные новости

Работник СЛД «Чита» филиала «Забайкальский» ООО «ЛокоТех-Сервис» принял участие в экологической акции по очистке берега и дна озера Кенон

«Роза Хутор» теперь тоже в метавселенной

Гендиректор Быстринского ГОКа стал старшим вице-президентом «Норникеля»

Два дня, наполненных театром, музыкой, книгами и наукой, — в Парке Горького во 2-й раз прошел Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»

Новости России

Чилингарова похоронили на Новодевичьем кладбище с воинскими почестями

Врач Некрасова назвала вакцинацию от ветряной оспы профилактикой детского инсульта

Одиннадцатиклассник из Москвы покончил с собой из-за ЕГЭ

Какие россияне рискуют лишиться пенсии через несколько лет

Экология в России и мире

Победитель фирменной игры «Авторадио» получил ключи от Oting Паладин

Областная наркологическая больница запускает летнюю профилактическую кампанию для юных свердловчан

Конференция «Общество и психическое здоровье» прошла в Ставрополе

Пегас сделал важное заявление по Египту: стали известны цены на туры на предстоящую зиму

Спорт в России и мире

Азаренко не смогла выйти в 1/16 финала открытого чемпионата Франции по теннису

Александр Зверев: «Сказал себе, что хочу стать примером для подражания. Я больше не ломаю ракетки, почти не получаю предупреждений»

Осталась в одиночестве: Андреева победила Грачёву и вышла в четвертьфинал «Ролан Гаррос», Медведева остановил де Минор

Потапова о поражении от Свентек на "Ролан Гаррос": организм дал сбой

Moscow.media

Два дня, наполненных театром, музыкой, книгами и наукой, — в Парке Горького во 2-й раз прошел Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»

У «Грузовичкоф» появился чудесный чудик

На орловской трассе столкнулись микроавтобус «УАЗ» и тягач «Scania», груженный дисками вагонных колес

Дайджест новостей «Грузовичкоф» за май







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *