Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Массанхьачул лакхара ю кхерамзалла Нохчийчохь"

Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а зуламаш кIезиг до, угггаре лакхара кхерамзалла ю оцу шина махкахь, Оьрсийчуьрчу регионашца дуьстича. Иштта гойту хьал пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло йовзуьйтучу карарчу шеран исс беттан криминалан статистико*.


Хастош болчу шина махкахь 9 бетта чохь, стохкалерчу беттанашца дуьстича, зуламаш лахделла 20,7%. Хьал дика гойту Iедало Адыгейхь а, Тывахь а, Бурятехь а, Оьрсийчоьнан йистошкарчу кхин а масех махкахь а.


Уггаре эшна ду криминалан хьал Оьрсийчоьно аннекси йинчу Севастополехь а, Петербургехь а, Сомленскехь а.



Бакъоларъярхоша дуккхаза а хаийтина кхушара Нохчийчуьрчу Iедало наханна тIехь низамехь йоцу гIелонаш ярх а, адамаш хIаллакдарх а лаьцна. Селхана баржийна бакъоларъярхойн  "Мемориал" центро Нохчийчуьрчу Чечанахь нах лецарх, царех цхьа дакъа хIинца а къайлахчу набахтехь латтош хиларх лаьцна.
Хаамийн гIирсийн информацица, бутт хьалха лачкъийна Нохчийчохь лаххара а 53 стаг. Уьш лецаран бахьана дузу Кадыровн гоно IADAT телеграм-каналехь модератор лаьттинчу Тепсуркаев Салманан контакташ лоьхуш хиларца. Хьийзийначул тIаьхьа хууш бац Тепсуркаев къайлаваьккхина меттиг а.  "Iазапна дуьхьалоечу комитето" ("Комитет против пыток") бахарехь, махкарчу ницкъаллин структураш ю иза вадийнарш.
Ши бутт хьалха вадийна, йиттина вийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу стеган гергарчу зудчунна операци кхиамза ерзорна Соьлжа-ГIалара хирург, Дагаев Салахь.


*Оьрсийчоьнан официало шен статистике оьцу аннекси йинчу ГIирмера терахьаш а.


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *