Оьрсийчоьно хакерш баржийна шай президентан харжамашна юкъа боху Цхьаьнатоьхначу Штаташа
Хаамо ца йовзуьйту Iаткъам хилла администрацеш, амма боху, хакерийн аьтто баьлла лаххара а шина сервиса чуьра информаци лачкъо. ДIахьедаран авторша бахарехь, и харцо лелораш лерина бу Америкерчу политикан системина новкъарлонаш кхолла, цуьнан къайленаш яста.
Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь прехидентан харжамаш хир бу Лахьан-беттан 3-чу дийнахь. Китай, Оьрсийчоь, ГIажаройчоь гIерта пачхьалкхерчу харжамийн жамIанна тIеIткъам бан, аьлла дара Штаташкарчу къайлахчу ницкъийн Халкъан Центран куьйгалхочо Ивэйнина Уильяма дина дIахьедар а. Ткъа юьйцучу кхаа а пачхьалкхо бакъ ца до шаьш бехкехилар.