Фергюсон Тонис бехк баьккхина Нурмагомедовгара, шех лата кхоьрура иза аьлла
Дагадоуьйту, Хьабибан а, Фергюсонан а латар пхоьазза юкъахделира кеп-кепарчу бахьанашца.
"Со цец ца ваьлла, цо карьера ерзийна. Iабдель-Азиз Iелас (Нурмагомедовн менеджер -ред.)шен болх берзий. Iаламат кхерамечу оппонентех кIелхьарваьккхи цо шен клиент. Хьабиб къехкара сох. Оьрсийчуьра кIентий шайн ма-хуьллу къехкара сох. Тамашен хIума ду. Ас сайн болх би, ткъа иза ведда", - аьлла Фергюсона Submission Radio ютуб-канална еллачу интервьюхь, яздо "Чемпионат" гIирсо.
Доьзалца доьзначу бахьанашца ду шен спорт йитар аьлла, дIахьедира Нурмагомедовс: 4 бутт хьалха кхелхира цуьнан да, тренер хилла Нурмагомедов Iабдулманап. Латархочо бахарехь, да цхьана воцуш иза лата лууш яцара цуьнан нана.
Тоьлла ларалучу латархойн UFC юкъараллера дIа а волуш, шен спортан карьера йита воллу ша, элира Абу-Даберчу "Латархойн гIайри" тIехь Америкера Гейджи Дастин а эшорца яхначу шоьтан буса кхозлагIа а чемпион ваьллачу Дагестанерчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба.
Нурмагомедов "кхосаберг" ярца (вовшахтесначу шина кога легаш Iовдарца) тоьлла шолгIачу раундехь.
КхозлагIа йоккхуш ю Нурмагомедовс UFC-н чемпионан титул. Цкъа а эцна воцуш, 29-0 ю цуьнан рекорд. Гейджи кхозлагIа эшна, 22-зза тоьлла UFC-хь, хаам бо Спорт.Ру портало.
Sherdog рейтинго дуьнентIерачу латархошлахь тоьлла лоручийн могIарахь шолгIаниг хилла Нурмагомедов ваьккхина хьалхарчу метте.