Абдурахманов Тумсона Швецехь тIелеттачо, шена "Соьлжа-ГIалара омра" динера, аьлла
Швецехь йоьдучу кхелехь Мамаев Руслана, блогерна Абдурахманов Тумсона тIелеттачу Оьрсийчоьнан вахархочо, даредина, ша зулам "Соьлжа-ГIаларчу нехан омрица" дина, аьлла. Цунах лаьцна яздо "Кавказский Узел" газето.
Бехкевечо бахарехь, иза ца воллура Абдурахманов вен, шена тIедиллинарг кхочушдан лууш вацара иза. Швецига шена тховкIело ялар а дехна Мамаевс. Бехке а еш, кхеле озийначу шолгIачо – иза зуда ю – цIе ца эцна шена зулам. Мамаевна гIодарна бехкейо иза.
Тумсон вуьйриг кхаъ кхайкхийна Нохчийчуьрчу Iедало, дIахьедина кхел йоьдуш Абдурахмановн адвоката Шелунд Йенса.
Чиллан-беттан 26-чу дийнахь дира Абдурахманов Тумсона дуьхьал зулам, иза шен чохь вижина Iаш. Блогеран аьтто белира зуламхочунна дуьхьало ян а, иза полицин каравала а.
Аьхка Швецин полицино хаам бира, зулам деш дакъалаьцна хила тарлучех цхьаъ лаца кхайкхийна, аьлла. Абдурахманов тешна ву шена зулам дайтинарг Оьрсийчуьра къайлах сервис хиларх.