19 нохчочо, къайлах Литва а кхаьчна, тховкIело ехна
Белоруссин-Литван доза дохийна мигранташа, Гервине хи чухула чекх а бевлла, ах километр дIабахана Литван территори тIехула. Шаьш лецча, тхов кIело ехна цара Литвага. Церан цIерш билгалъяхна дозанхоша.
Европе нохчий дIаэха буьйлабелира Нохчийчохь "шолгIа" тIом иккхича (1999 шо). ТIечIагIйина йоцчу информацица, Европан мехкашкахь 200 эзар сов хила тарло нохчий.