Нах байъина террорист бахьанехь ши маьждиг дIакъовлуш ду Венехь
Австрин Iедална гарехь, шина а маьждигехь ислам харц хьоьхуш хилла. ПIераскана полици хьажна маьждигах. Оцу гIулчо дIа ца йоккху бусалбанашкара дин лело бакъо, аьлла Рааба.
Оццу дийнахь шен пресс-кенференцехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла дIахьедина, Венехь нах байъинчух лаьцна информаци кхаьчна хилла хан хьалха Словакера, амма цунах пайда ца эцна пачхьалкхо, аьлла.
Вена шахьарна юккъехь наханна тIелеттарг ву 20 шо долу Австрин, Къилбаседа Македонин паспорташ долу Фейзулай Куйтим. Стохка набахтехь баккха 22 бутт тоьхна хилла цунна, иза Шема а вахана, ДАIИШ-ах дIакхета гIеташ хилар бахьанехь. Амма тоьхначу хенах 8 бутт чохь а баьккхина, араваьлла иза набахтера карара шо тIехIуттуш.
Полицин хаамца, Фейзулай хилла махко "дерадикализаци" ян билгалбаьхначу нехан могIаршкахь. Делахь а, ца гайтина цо шеца Австрина ша зуламе хиларан битамаш, ца хааелла цуьнца кхераме Iалашонаш.