Юха а юучух ун даьлла Дагестанехь – дарбан цIийне кхачийна 39 стаг
Лоьрашкара йолчу информацица, юккъерчу хьолехь бу ун кхеттарш: 38-39 температура а, чохьлазар а долуш.
Цамгаран бахьана дуьззина хууш дац медикашна. Могашаллин министралло дийцарехь, шаьша дарбан хIусаме бахкале пациенташа цхьацца хена чохь кхача биина гIаларчу цхьана кафе чохь. Эпидемиологин урхаллера белхахой толлуш бу и кафе.
Дагестанахь дукха меттигаш ю юучух я хих нахана ун даьлла. Масала, лурчах Казбековски кIоштарчу Ленинаулехь ремонт йинчу биргIанашкахула лела хи боьха хилла, цунах ун делира 77 вахархочунна. Царалахь дара 13 бер.
Кхушеран юьххьехь ГIизларахь 72 стаганна петаршкарчу биргIанаашкарчу хих кхийтира дIовш.
Байначу баттахь ХIинжа-ГIалахь кхачанах ун а даьлла, болх сацийра 70 берийн бошмашкахь.