Венехь динчу терактца воьзна ву аьлла хаамийн гIирсаша, Миланехь лаьцна нохчо
Еарин дийнахь Миланерчу полицино хаамбира, онлайнехь харц документаш а кечдеш, уьш а духкуш хилла Нохчийчуьра схьаваьлла стаг шаьш лацарх. Билгалдаккхарехь, антитерроран операци дIаяьхьначул тIаьхьа италхойн талламчашка информаци кхаьчнера Австрера.
Corriere гIирсо яздарца, "Австрехь лелачу нохчийн а, балканан а террорхойн гаранца" воьзна ву 35 шо долчу Соьлж-ГIалара вахархо Арсимеков Турко. Церан тобанехь хилла Венехь тIелатар дина Фейзулай Куйтим а.