Блогер Абдурахманов вуьйриг лучу 50 эзар еврох цхьа дакъа схьа а эцна, диъ тIеэца дезаш хилла киллер
"Цо шен юьхьанца со вен 1алашо яцара боху. Амма тIаьхьо цунна со вен лиина, шена 50 эзар евро лучу даьлча", – д1ахьедина блогера.
Абдурахмановс бахарехь, Нохчийчоьнан Iедало хьалхо пхи миллион евро лур да аьлла хилла иза вийначунна. Цунна хетарехь, киллерна 50 эзар бен а ца луш, дисина ахча шайна дита гIерташ хилла юкъалеларш.
"Боккха болх бина цара, баттахь сов со тергалвеш, сан некъаш зийна, ас мел боккху ког ларбина", – билгалдоккху Нохчийчуьрчу 1едалан критика.
Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамел деш Абдурахмановс довзийтира кхело тухур йолчу хенах лаьцна шена гург: зуламан дозанал арахьара лар гучуяьлла хиларе терра, Швецин прокурора коьрта бехкениг оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба сацам бар деха тарло, цунна гIодеш хьийзинчу зудчунна – набахтин 15 шо.
Кхел йоьдуш ю хIинца а.
Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Официалехь йоцчу информацица, Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву иза динарг. Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцна Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.
Яхначу аьхка Швецин полицино хаам бира Абдурахманов вен г1оьртинчаларахь Хасханов Имран а ву аьлла.
Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо шен даймохк.