ГIебарта-Балкхаройчохь "Иегован Тешаш" тобан декъашхойн хIусамех хьуьйсу ницкъхой
"Каспаров.Ru" портало бечу хаамца, ГIебрта-Балкхаройчуьрчу Эльбрусан кIоштарчу талламхой декъера Гятов Шемал ву болам айбинарг. ХIусамех хьийсина Iедалхой Тырнаузехь а, Майский а гIаланашкахь.
Девнаш ду махкахь цхьацца болчу "иеговхошна" дуьхьал айдина. "Бахархошка цхьацца литература кхийдорца, къамелаш дарца цара экстремизман цхьаьнакхетаралле ийзабо бахархой", аьлла бу талламчаша динлелочарна тIекхоьхьу бехк.
Динан экстремизм яржорна бехктакхаме озийна Залипаев Юрий бакъвира Майскерчу кIоштан кхело ши бутт гергга хьалха.
Бакъоларъечу "Мемориал" центрна гарехь, динлелорхошна дуьхьалояр ду "Иегован Тешаш" тобанера нах бехктакхаме ийзор. Оцу бахьаница набахтешка хьийсийна нах политикан тутмакхаш лору "Мемориало".