1999-чу шарахь Нохчийчохь Хаттабан тобанца Оьрсийчоьнан эскарех летта ши стаг лаьцна ФСБ-но
ТАСС агенталло бечу хаамца, уьш бу Нохчийчуьра бахархой Идалов Асламбек а, Идалов Саламбек а. Цара т1амехь дакъалаьцна баьччийн Басаевн а, Хаттабан а тобанашкахь, аьлла ю информаци. Уьш лоьцуш ФСБ-на накъосталла дина полицин, Росгварди декъан белхахоша.
1999-чу шеран ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Оьрза-ГIалина уллехь хиллачу тIематасадаларехь вийра 15, чевнаш йира 28 Оьрсийчоьнан эскархочунна.
Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллица, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.