36 стаг кхелхина уьнах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса
COVID-19 уьнах дийнахь-буса 36 пациент велла Къилбаседа Кавказехь, керла цомгуш хилларш бу 1171.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо шен статистикехь гайтарца, I0 стаг велла коронавирусах дIадахначу дийнахь а, буса а Дагестанехь, Краснодар-махкахь – 8, Ставропол-махкахь велла 6, ГIалмакхойчохь – 4, ГIебарта-Балкхаройчохь – 3, Адыгейхь а, Нохчийчохь а – шишша, ГIалгIайчохь – 1. Пандемих белларш бу регионехь 3757 – иштта боху пачхьалкхан хьасташа.
24 сахьтан а, бIаьста дуьйна схьа а цомгуш хилла:
• Ставропол-мохки + 229 (28173)
• Краснодар-мохк + 167 (22419)
• Дагестан + 110 (19209)
• Нохчийчоь + 120 (4609)
• Адыгей + 100 (8245)
• ГIебарта-Балкхаройчоь + 96 (12904)
• Кхарачой-Чергазийчоь + 93 (12405)
• ГIалмакхойчоь + 95 (11844)
• ГIалгIайчоь + 81 (9635)
• Къилбаседа ХIирийчоь + 80 (9524)
Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта лору официало 138 967 стаг. Ерриг Оьрсийчохь (аннекси йина ГIирма юкъа а лоруш) Iедалан хаамашца цомгуш хилла коронавирусах 2 347 401 стаг.