Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхан фигурант коьрта лор хIоттийна Дагестанехь
"Гаджиева Алжанатна дуьхаьл долийна бехктакхаман гIуллакх сайцийнера, зулам дина ца хиларна 2019-чу шарахь ГIуран-беттан 12-чу дийнехь. Дерриг а кховдийна бехкаш юхадаьхна", - даладо министралло деллачу жоьпан дакъа "Черновик" газето.
Могашаллан министраллан кхето дийзина, шаьш Гаджиева коьрта лор хIоттор, цу хьокъехь дуккха а хаттарш деш нах хиларна, яздо газето. Цунна дехкина бехкаш юкъадаьхна хиларал а сов, иза говзалла йолуш ю, боху министралло.
Гаджиева лаьцнера 2018-чу шарахь ГIадужу-баттахь, 60 дархочунна шаьш дарба дарх лаьцна харц хаам барна. Ткъа уьш хиллера федералан лехамехь, Шемахь тIемашкахь дакъалаьцна аьлла.