Нохчийчохь дIавоьллина Францехь хьехархо верна бехкелору Анзоров IабдуллахI
![Нохчийчохь дIавоьллина Францехь хьехархо верна бехкелору Анзоров IабдуллахI](https://gdb.rferl.org/9962BF7A-7726-4D38-A9CA-E6CE2A140F51_w800_h450.jpg)
Нохчийчуьрчу Шалажахь дIавоьллина ГIадужу-баттахь Францехь хьехархо Пати Самуэль верна бехкелору, цул тIаьхьа полицин белхахоша герз тоьхна вийна Анзоров IабдуллахI. Анзоровн дакъа кIиранан дийнахь дIакхачийнера оцу эвла Туркойн-махкара. Иза дIавуллуш дакъалоцуш вара 200 гергга стаг, хаам бо Кавказ.Реалии сайто.
Меттигерчу бахархоша дийцарехь, Анзоров дIавуллучу дийнахь дIакъевлинера Шалажа, чубуьтуш бацара оцу эвлахь прописка йоцу нах. Тезетахь яьккхина видео ГIадужу-беттан 6-хь дIасаяьржира социалан машанашкахь.
Москвахь нохчийн доьзалехь вийнчу Анзоров IабдуллахIа дара 18 шо. Масийтта шо хьалха деца-ненаца иза дIаваханера Оьрсийчуьра Франце.
47-шо долу Пати Самюэль вийна кхушара ГIадужу-беттан 16-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьрша йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна.
ГIуран-бутт болалуш Шалажан юьртадас Магомадов Салмана харцбира Францехь хьехархо Пати Самюэль вийначу Анзоров IабдуллахIан сийдеш, цуьнан цIе туьллуш, эвлара ураман цIе хийцина аьлла цхьаболчу Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсаша баржийна хаам. Цо иза «харцо» а, «питана» а ду элира.