Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Францехь хьехархо вийна Анзоров ша а ву питанах хӀаллакьхилларг, аьлла Нохчийчохь

Францехь хьехархо вийна Анзоров Iабдуллах ша а ву хӀаллакьхилларг, питана тасар бахьана долуш, дIахьедина ГIура-беттан 7-чу сарахь ЧГТРК "Грозный" телеканалан сарахьлерчу керланашкахь.


Анзоров дIаволларх лаьцначу репортажехь шайна хетарг дийцина цуьнан гергарчара. "Цуьнга лан ца делла Пайхамаар сийсазвар. Цара питана ца теснехьара хIумма а хир дацара. Цо дина иза, сий дайар лан а ца делла. Цхьамма дин сийсаз дича, даима а карор ву бекхам бийр болу стаг, шен дахар дIадала кийчаверг", - бохура Анзоров Нурдийс, Анзоровн девашас.


Вукха девашас – Анзоров Сулеймана – тIетуьйхира, "нагахь цара динца доьзна и питана ца даржийнехьара, и дерриг а хиндацара": "Ша динах доглозу стаг хиларе терра, Пайхамар ларван хIоьттина иза. Цара иза (Пайхамар) сийзас ца винехьара, иза хир дацара".


Оцу кеппара къамелаш дира Анзоровн кхечу гергарчара а. Масала, Анзоров Зелимхана шен комментарий дIаерзийра шен кхелхина гергара стаг хастош: "Цо лелийнарг а, цо динарг а дуьйцуш хезча, тхуна иза везар кхин а алсамдолу. Дала къобал дойла цуьнан гIазот!".


Иштта Анзоровн гергарчара баркалла элира Нохчийчоьнан куьйгаллина, шайн гергарчу стеган дакъа республике схьадохьуш накъосталла дарна.



 Москвахь нохчийн доьзалехь вийнчу Анзоров IабдуллахIа дара I8 шо. Масийтта шо хьалха деца-ненаца иза дIаваханера Оьрсийчуьра Франце.
47-шо долу Пати Самюэль вийна кхушара ГIадужу-беттан I6-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьрша йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна.
ГIуран-бутт болалуш Шалажан юьртадас Магомадов Салмана харцбира Францехь хьехархо Пати Самюэль вийначу Анзоров IабдуллахIан сийдеш, цуьнан цIе туьллуш, эвлара ураман цIе хийцина аьлла цхьаболчу Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсаша баржийна хаам. Цо иза «харцо» а, «питана» а ду элира.
Анзоров дIавоьллина Нохчийчуьрчу  Шалажахь ГIуран-беттан 6-хь.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *