Казахстан реза яц депутата Никоновс "Оьрсийчоьнан совгIатах" лаьцна аьллачунна
Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Саздыков Марата шаьш цецдевлла хилар хаийтина, цхьана ханна Оьрсийчьнан Федерацин гIуллакхашкахула векал волчу Комаров Александре, Никоновс шайн республикан территорех лаьцна дийцинарг бахьана долуш.
Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министраллана хетарехь, Казахстанах лаьцна оцу тайпа Оьрсийчуьрчу политикаша питане хIуманаш дийцаро зен до шина пачхьалкхан юкъаметтигашна.