ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велла 23 стаг.
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 23 стаг, кхин а тIе вирус кхетта 1275 стагах.
Эпидемица къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла ковидах итт дархо, Ставрополан махкахь пхиъ, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а шишша кхелхина, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а цхьацца пациент велла.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 уьнах 407 дархо. Къаьсттина дукха нах къаьстина коронавирусан уьнца Ставрополан кIоштахь – 234 стаг.
Ставрополан кIошт+ 234 (30 970 ву эпидеми иккичхьана)
Краснодаран мохк+ 180 (24 555)
Дагестан + 150 (20 823)
Нохчийчоь + 139 (6318)
Адыгей + 103 (9440)
ГIалмакхойчоь + 109 (13 0I9)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 100 (14 098)
Кхарачой-Чергазийчоь + 95 (13 559)
Къилбаседа ХIирийчоь + 85 (10 519)
ГIалгIайчоь + 80 (10 642).
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш ву 153 943 стаг. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирусца тахана, ГIуран-беттан 14-чохь 2 681 256 стаг.