Дагестане "хIума хуучу" зудчунна тIевахана вогIу ши стаг лаьцна Нохчийчохь
Дагестане "хIума хуу зуда" йолчу ваханчуьра вогIуш лаьцна шаьш аьлла, Нохчийчуьра ши стаг гайтина пачхьалкхан "Грозный" телеканало. Сюжет яьккхинчара дийцарехь, шегара дIаяхна зуда цуьнан гIоьнца юхаерзон лаам хилла цу шиннах цхьахволчун. "Кавказский узел" агенталлан тидам хилла телехьожийло гайтинчу сюжетан.
"Дагестанера Нохчийчу юхабогIуш совцийна хиллера кегий нах цаьргарчу инзаречу багажах бIаьрг а кхетта. Эчиган догIа а, дарбанаш лелийна хи а, кхин а шеконе гIирс а хилла цара бохьуш. Полисхоша къамел дича къаьстина луларчу республике хIума хуучу зудчунна тIе вахана и шиъ вогIийла. Кхуьнгара дIаяхна зуда юхаян дуьхьалъяьлча, ойла хиллера цуьнан бозбуанчаллашца иза цIа ерзон", - дуьйцу "Грозный" телехьожийло инстаграме яьккхинчу видео тIехь. Исламан медицинан Центран говзанча волчу Эльжуркаев Адамна тIевалийна лаьцна шиъ къамел дан. Эххар а, дIахьедо цу шиммо, шайгара ледарло яьлла, бехк ма биллахьара аьлла.
Чиллан-баттахь хааме даьккхира, Нохчийчуьрчу полисхоша бозбуанчаллаш лелон ши зуда лаьцна аьлла. "Грозный" канало шен эфирехь гайтира царех лаьцна сюжет а. ХIетахь а, зударшкара бехкаш дохуш, къамел дира исламан медицина Центран коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама.
"Грозный" телеканал корреспонденто дийцарехь, пал туьйсу нах лоьцу компани йолийчахьана схьа Iеламнаха "иттанашкахь Iорабаьхна аферисташ".