Коммуналах уггаре беза мах луш йолу регион хир ю Нохчийчоь
![Коммуналах уггаре беза мах луш йолу регион хир ю Нохчийчоь](https://gdb.rferl.org/1CA99452-4E4E-4513-ADB0-FE2BC57DD3A5_w800_h450.jpg)
Керлачу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйна лакхабовлуш бу Оьрсийчохь коммуналан хьаштийн мах. Оьрсийчоьнан массо а регионашкахьчул лакхабер бу бахархоша коммуналах лучу ахчан барам Нохчийчохь - 6,5%, хаам бо "Клуб регионов" сайто. Ткъа ерриг а пачхьалкхехь бестачу механ барам 4-5% бу.
Кхуьур бу мехаш тоькан, йовхонан, хин, нехаш дIакхехьаран.
Хьалхо хаам баржийра, петарийн-коммуналан бахаман тергояран Халкъан центро ("ЖКХ Контроль"), мехкашкахь сов дукха букоммуналах ахча охьа ца дуьллу бахархой, аьлла. Адыгейхь а, Нохчийчохь а ял дIалар лахделла 50%-на, Дагестанехь – 10%, Ставропол-махкахь – 25%, ткъа ГIалмакхойчохь – 60%.