Нохчийчоь тIаьххьарчу меттехь ю пачхьалкхан цIарах ша оьцург гайтарца
Кхушара 84-чу, тIаьххьарчу, меттехь ду, "Московский комсомолец" газето бечу хаамца, Нохчийчуьра Iедал ша оьцучух лаьцна бахархошна информаци йитаррехь.
Къайленехь дуьту эцарш Къилбаседа ХIирийчоьнан а (77-гIа меттиг), Ставропол-мехкан а (71-ра меттиг) Iедалша.
Къилбаседа Кавказерчу мехкийн хьаькамашлахь мехкан цIарх оьцург довзийтарца вон дац хьал ГIалгIайчохь (34-гIа меттиг). Дагестан ю 40-гIа, Кхарачой-Чергазийчоь – 62-гIа.
Нохчийчоьнан Iедало бахначу баттахь тендор кхайкхийра 9,6 млн соьманна махкахь куьйгалхо лаьттина Кадыров Ахьмад вазвеш арахецна мидалш а, орденаш а эца. Дерриг а оцу хьаштанна Нохчийчоьнан Iедало шарахь дайъина 34,6 млн сом.