Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровна карт-бланш, гIалгIайн гIуллакхаш, Дагестанехь жаIуй байъар. Къилбаседа Кавказерчу журналистийн - Путине хеттарш

Кадыровна карт-бланш, гIалгIайн гIуллакхаш, Дагестанехь жаIуй байъар. Къилбаседа Кавказерчу журналистийн - Путине хеттарш

Карарчу шеран 17-чохь хIора шарахь а санна, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-конференци дIаяьхьира. Коронавирусан пандеми бахьана долуш кху шарахь онлайн-форматехь хIоттийначу барамехь 774 журналистна бакъо елира дакъалаца. Бара церан могIарехь Къилбаседа Кавказера журналисташ а цхьана.

Бакъду, президентна товр доцу хеттарш ден долу журналисташ ца битинера конференци.

Масала, хIирийн "Алания" пачхьалкхан телеканалан белхахочо туризм кхиорех хаттар дира Путине, ткъа Нохчийчуьрчу "Вайнах" телехьожийлан журналисто хаьттира, Малхбузено халахетарш стенна до мехкан куьйгалхочунна Кадыровна аьлла.

Кавказ.Реалиин редакцино хаьттира регионашкарчу шайн коллегашка, нагахь санна, церан таро хиллехь пресс-конференцехь дакъалаца, стенах лаьцна хир дара церан Путине хеттарш аьлла.

Магомедов Мохьмад, Дагестанан "Черновик" газета

– Ас хоттур дара Путине вежарий ГасангусейновгIар байъарх гIуллакхан жамIех дерг. ХIокху шерашкахь, "Черновик" кхоьлличхьана, оха гуттар а яздеш ду, цхьаболчу ницкъахоша хеттарш дан тIекхайкхиначу нахана тIехь къизаллаш лелорах. Кхел йоцуш нах хIаллакбарх лаьцна а яздира. ТуьмIаьжгаш йоьхначу наха, камуфляжан барзакъца нах лечкъабора Дагестанан цхьана меттигехь, цул тIаьхьа, кхечухьа уьш кара а бой, тIемалой бара олий, цIе кхуллура. ГасангусейновгIеран ши ваша веро гойту, доза доцуш хилар цара лелочу харцонан: бехк боцу ши кIант вийра. Вацара и шиъ цхьана а чоьте хIоттийна а, дацара цаьргахь я герз а. Амма царна тIемалойн барзакъ тIе а доьхна, кара герз диллира. Йинчу экспертизано гайтира иштта, гIуллакхан материалашкахь яздина а ду. Царна уллохь патармаш дIасакхийсинера, уьш тIемалой бара аьлла, сурт хIоттош. Ткъа гIуллакх нахала даьлча, хиира, цара бохург бакъ ца хиллийла. Наха жоп дийхира. Амма жоп хIинца а даланза ду.

 Гериев Жалавди, Нохчийчуьра журналист

– Оцу накъосте (Путин Владимире.- Редакцин билгалдаккхар) кхелехь дала дезаш ду хеттарш. Цигахь интересе хир дара суна дакъалаца, цуьнан режимехь бала хьегнарг санна а, журналист санна а. Ткъа хIара конференцеш цхьа декъаза хIума ду- паччахь нахана хьалхахIоттар санна.

Алиева Мадина  (цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар), Нохчийчуьра журналист

– Путинан йоккха пресс-конференци цхьа забарен пьеса хилла дукха зама ю. ХIора шарахь цхьана кепара хIотточу сценарин цхьа шоу ю-кх. Президентан лергашна товр доцу хеттарш юкъара доху. Суна-м хаьа, цо кхачам боллуш, дуьззина жоьпаш лур доцийла. Делахь а, сан а дара цунна  "бIегIийла" доцу хеттарш.

Стенна делла ахь Кадыровна (Нохчийчоьнан куьйгалхо) карт-бланш? "Уггар а маьршачу, ирсечу регионехь"  паргIатчу заманчохь хIунда бовш бу нах? Хьуна хаьий  оппозицин IАДАТ телеграм-каналан модераторх Тепсуркаев Салманах хилларг? Мичахь ву масех шо хьалха вайна нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха?

 

Евлоева Изабелла, "Фортанга" хьостан  шеф-редактор, ГIалгIайчоь

– Владимир Владимирович, тахана йоллу пачхьалкхехь дукха гулбела политикан тутмакхаш. Оцу кепара дукха бацара Сталинан заманахь а. "Сети" гIуллакх, "212", "Ростовн гIуллакх", "Новое величие"- дуккха а бу уьш охьабагарбан. Шайн хьокъехь бен болчу сацамашка ладоьгIуш бу "ГIалгIайн гIуллакхан" жигархой а. Бух боцуш ду царна дуьхьал даьхна гIуллакхаш. Со тешна ю, хьо пачхьалкхан президент хиларе терра, царех лаьцна ца хууш хир вац хьо. ХIун аьлла хета хьуна, бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дахаро а, юкъараллан жигархошна тIехь репрессеш лелоро а пачхьалкх йохо там бу, халкъ дуьхьал дала а тарло аьлла, хетий хьуна?

 Янюшкин Владислав, Краснодаран кIоштарчу "Медиазона" гIирсан корреспондент

– Цхьана а кепара проблемаш Путина ерзор яц - хIара ша ишта система ю. Бакъду, ницкъахой совцалур-м бара цуьнга. Тахана Оьрсийчохь милла а тарло полицин декъе кхача, цундела ас хоттур дара Гулькевичейн а, Выселкан а чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъошкахь лелочу Iазапех. Цигахь цхьана кепара дийцарш хеза: къиза еттарх, ток еттийтарх, кхихкина хи тIедиттарх а. Амма талламчаша дуьхьало йо бехкзуламан гIуллакх доло. Москвара цхьа талламан тоба вовшахтоьхна, оцу полицин дакъошкахь дерг зоьйтур дацара-те президенто?

Бюрчиев Бадма, ГIалмакхойчуьра журналист

– Ас хоттур дара Элиста гIалин мэр Трапезников Дмитрий хIотторах. Цунна дуьхьал наха еххачу заманчохь протесташ латтийра. Кхелан процессашкахь гучуделира, иза шина пачхьалкхан вахархочун бакъо йолуш хилар а. Хьалха "ДНР-н" куьйгалхо вара иза, Захарченко Александр вийначул тIаьхьа шаьш республика ю аьлла, дIакхайкхийначу мехкан урхаллехь лаьттира иза, цул тIаьхьа Элистахь гучувелира, тIаккха гIалин мэр хила хьалхатеттира. Тахана администрацин куьйгалхо ву иза. Кхузахь цхьанна а вевзаш вацара иза. Ма-дарра аьлча, ГIалмакхойчоь совгIатна дIаелла-кх цунна. Иза мэр хIоттийна аьлла, тхо хIинца а кхелехь къуьйсуш ду, карарчу хенахь кассационан инстанце кхаьчна оха цунна дуьхьал айдина гIуллакх.

 Фарниев Заур, Къилбаседа-ХIирийчуьра журналист

– Цкъа делахь, ас баркалла эра дара Путин Владимирна, хIунда аьлча, 2004-чу шарахь Бесланехь теракт дина 16 шо даьллачул тIаьхьа, оцу инцидентехь къиза чевнаш йинчу нахана лоьрийн дарба деш гIо дийр ду аьлла, цо дIакхайкхорна. Хаттар иштта хир дара: кхин а мел дIадахлур долуш ду полицин кара кхаьчначул тIаьхьа Цкаев Владимиран кхалхар таллар? 2015-чу шеран гурахь вийра иза. Ши шо сов зама ю цуьнан хьокъехь процесс дIахьош йолу. ЛартIахь ду аьлла хетий хьуна, бакъонан пачхьалкхехь оццул деха гIуллакх таллар а, хIинца а бехкечийн цIераш яьхна цахилар а?

Докшокова Алена , ГIебарта-Балкхаройчуьра журналист 

– Стенна ду, уггар а пачхьалкхан де эшна нах журналисташна тIеэхар, низамашкахь шайна догIург схьадаккхархьама: субсиди, я дарба дар, я социалан хьелаш, кхелан нийсонца сацамбар? Дукха нисло тхуна и тайпаниг: газеташкахь гIовгIа ца эккхийтича, шайна догIург дIа ца кхачадо нахана. Наркоманаш, тIехь ницкъбина, шаьш шайн доьзалш кхион зударий-наной - уггар а эгIаза, миска нах бу уьш, вайн хьолечу, ницкъечу пачхьалкхехь. Коронавирусан ун даьлла нах коридорашкахь лаьттахь Iохкуш бу- машанехь скандал ца эккхийтича, царна гIо а ца до. Стенгахь бу бахархошна догIург дIа а кхчош, шайн декхарш кхочушдан хьакъберш?

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Новые лесопатрульные комплексы в Подмосковье будут защищать леса от огня

Собянин объявил о завершении отборочного этапа чемпионата «Абилимпикс»

Свыше 1,5 тысячи предприятий открыли в подмосковных индустриальных парках

Скидки на звуковые щетки и зубную пасту для детей от компании "Ревилайн" до 6 июня 2024 года

Музыкальные новости

Артисты – они все особенные!

ФК «Зенит» представил стартовый состав на суперфинал Кубка России в Москве

Гендиректор Быстринского ГОКа стал старшим вице-президентом «Норникеля»

Доктор Кутушов назвал болезни, которые поджидают отдыхающих у водоёмов

Новости России

Моллированные окна станут главным акцентом нового дома в районе Якиманка

В Саратове встали трамваи всех маршрутов и почти все троллейбусы

В Серпухове отремонтируют почти 10 км ЛЭП в 2024 году

Врач-педиатр в Лобне получил свидетельство на социальную ипотеку

Экология в России и мире

Условно разрешенные виды использования земельных участков

В филиалах АО "Желдорреммаш" прошли мероприятия ко Дню защиты детей

«585*ЗОЛОТОЙ» выступила партнером медиафестиваля творческой молодежи YOUPITER

Стоматолог Владимир Лосев: сколько времени нужно носить брекеты

Спорт в России и мире

Главный русский теннисист заставил Париж аплодировать ему стоя. Что удалось Осьминогу Медведеву?

Теннисистка из Пятигорска вышла в четвёртый круг турнира Большого шлема

Итальянская забастовка: Рублёв, Котов и Самсонова вылетели с «Ролан Гаррос», Потапова обыграла Ван Синьюй

Организм был не в состоянии: Потапова прокомментировала поражение на «Ролан Гаррос»

Moscow.media

Военные следователи продолжают оказывать гуманитарную помощь военнослужащим, находящимся в полевых госпиталях

Правительство РФ направило дополнительные средства на завершение строительства трассы Гузерипль – плато Лагонаки в Адыгее

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

У «Грузовичкоф» появился чудесный чудик







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *