Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 26 вахархо, цамгар кхетта кхин а 1304-нна
Уггаре дукха нах белла коронавирусах, статисташа бахарехь, Краснодар-махкахь – 13 стаг. Дагестанехь кхелхина 5, ГIалмакхойчохь – 4, ГIалгIайчохь – 3, ГIебарта-Балкхаройчохь – 1.
Пандемин муьрехь верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву, Iедалан хаамашца, 4326 стаг.
Т1аьххьарчу дийнан а, юьхьанца схьа а долчу барийн терахьаш иштта ду:
Ставропол-мохк + 244 (33130)
Краснодар-мохк + 188 (26224)
Дагестан + 158 (22202)
Нохчийчоь + 146 (7587)
ГIалмакхойчоь + 110 (13953)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 101 (15004)
Кхарачой-Чергазийчоь + 91 (14396)
Адыгей + 90 (10313)
ГIалгIайчоь + 88 (11424)
Къилбаседа ХIирийчоь + 88 (11306)
Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта, статистикан терахьашца, 165 539 стаганна. Ерриг Оьрсийчохь и терахь 2 933 753 ду. *
*Оьрсийчоьно шен статистиканна юкъалоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.