Набахтехь террорхойн машин дакъавахарна кхел йина ГIебарта-Балкхаройчоьнан вахархочунна
Талламан версица, наркотикаш лелорна ГIалмакхойчохь набахти ша токхучу хенахь, 20I5-чу шеран бIаьста, террорхойн машанна юкъавахана иза. Лаьттина цуьнан декъахь 20I7-чу шеран гурралц – ша набахтера мукъаваллалц.
ГIалмакхойчуьрчу Яшкуль юьртарчу набахтехь 20I3-чу шарахь кхоллаелла терроран тоба, боху ницкъхоша, цуьнан декъа вахана I00 сов тутмакх.
Терроран тоба кхолларх лаьцна хаамаш баьржира 20I9-чугIа шо доьрзуш. Декъашхой хиларна цхьацца хенашкахь лийцира Дагестанера, ГIебарта-Балкхаройчуьра, Бурятера, Краснодаран, Волгоградан мехкашкара бахархой – 40 стаг.
Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдаккхарца, дукха хьолехь кхелашкахь лецначара дареш до шайгара тоьшаллаш етташ даьхна, олий.