Нохчийчуьра схьаваьлла стаг Москвахь полицин подполковниках латар ду толлуш
Агенталлин хьасташа дийцарехь, цо "бар чохь гIурт баржийна, ханах летта, шишанаш лестийна хьешашна тIе".
Дов листа баьхкина полисхой, коьртехь подполковник Гриднев Алексей а волуш.
"Зуламхочо тIехьашхула тIехьаьдда, тоьхна, коьртара куй божийна полисхочун", — яздо агенталло.
"Iедалан векална гIелояр" олучу бехканна гIуллакх айдина Талламан комитето.