31 стаг велла, кхин а 1295 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь
![31 стаг велла, кхин а 1295 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь](https://gdb.rferl.org/F13AF2E8-A46A-4ADC-9FED-70FCB14FF349_w800_h450.jpg)
ТIаьххьарчу дийнахь-буса 31 пациент д1аваьлла Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь. Коронавирус лаьцна кхин а 1295 стага. Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо бен хаам.
Краснодар-мхкахь велла уьнах 14 вахархо, Ставропол-махкахь - 7, Дагестанехь - 6, ГIалгIайчохь - кхоъ, Нохчийчохь - 1. Ерриг регионехь COVID-19 цамгарх велларг 4300 вахархо ву, боху Iедалан статистико.
24 сахьтехь а, юхьанца схьа а цомгуш хиллачех йолу Къилбаседа Кавказера статистика:
Ставропол-мохк + 240 (32886)
Краснодар-мохк + 187 (26036)
Дагестан + 155 (22044)
Нохчийчоь + 143 (7441)
ГIалмакхойчоь + 102 (13843)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 102 (14903)
Адыгей + 95 (10223)
Кхарачой-Чергазийчоь + 93 (14305)
ГIалгIайчоь + 91 (11336)
Къилбаседа ХIирийчоь + 87 (11218)
164 235 стагах хьакхаелла, Iедало гойтучу терахьашца, коронавирус Къилбаседа Кавказехь. Оьрсийчохь и терахь ду 2 906 503.