Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Синтеме хьал ду". Терроризмца къуьйсучу Кадыровн кепашца хIун ца тов

Карарчу беттан 15-чу дийнахь шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира, ТIехьа-Мартанан кIоштахь дIаяьхьначу леринчу операцехь гIаттамхойн могIаршкахь хилла Байдулаев Казбек вийна аьлла. Кхузахь тамашен хIун дара аьлча, ши бутт хьалха а вийна аьлла, изза Байдулаев дIакхайкхийна хилар. Байдулаевн сурт а цхьана шен постехь зорбане даьккхинера Кадыровс. Оцу тIехь бечу хаамца, 2012-чу шарера схьа дуьйна лехамашкахь хиллера иза.

"Регионера хьал кIорггера тхайн тергонехь латтош ду оха, тхуна хаьа, маса стаг ву лехамашкахь, бух боллуш база ю оха кечйина гIаттамхойх а, церан агIончех а лаьтташ. Нохчийчохь ситуаци маьрша а, паргIате а ю", - дIакхайкхийра Кадыровс.

Меттигерчу Талламан комитетан информацица, Байдулаевс граната ластийна хилла ша лаца гIоьртинчу полисхошна тIе. Дийцарехь, бехктакхаман гIуллакх а долийна ницкъаллийн структурийн белхахошна тIелатарна.

Нах лечкъор а, Iазапаш а

Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштахь йолийначу спецоперацехь вийна Байдулаев Казбек аьлла, кхайкхийра ГIадужу-баттахь. Иштта цуьнца цхьана вийна шаьш бохура, 2013-чу шарахь а вийна аьлла, долийна Борчашвили Рустам а. Къайлахчу сервисийн версица, ший а тIемало вара, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъан могIаршкахь тIемаш беш хилла.

"Внимание розыск" телеграм-каналан хаамца, 2016-чу шарера схьа дуьйна Шемахь лелла ву Байдулаев, ткъа карара шо юккъе даьллачу заманчохь Оьрсийчу юхавеанера иза.

Бакъоларъяран "Мемориал" центран информацица, 2012-чу шарахь Байдулаев гIаттамхойх дIа а кхетале дуьйна цунна тIаьхьабевллера нохчийн полисхой.

Масийттазза лачкъийна вигинера иза, цунна тIехь Iазап латтийнера, цунна кхел а йинера.

Дуьххьара, бакъоларъярхоша дийцарехь, лаьцначу Байдулаевна тIехь къизаллаш а лелийна, бехк тIелацийтинера 2008-чу шарахь герзашца болчу нахаца зуламаш лелийна ву аьлла. Оцу бехкаца иза набахте хьажийра ялх баттана. Ша маьршаваьккхина ах шо даьллачу хенахь, 2009-чу шеран Зазадокху-баттахь, юха а лачкъийра Байдулаев. ТIехь ницкъбина, юха а декхаревира иза герз лаьттах доьллина меттиг "гайта", "Мемориална" хетарехь, иза гунахь волуш гIуллакх а ца хиллера иза а. Эххар а, ши шо хан туьйхира Байдулаевна. Хан текхна ваьллачул тIаьхьа, цIа веара иза. Амма, юха а полисхой шена тIаьхьабовла дагахь буйла хиинчул тIаьхьа, къайлавелира иза.

2014-чу шарахь, шайна тIемалой бара аьлла хеттачу нехан гергарчийн хIусамашца цхьана, дагийра Iедалхоша Байдулаевн ден-ненан цIа а.

Къийсаман кепаш

Байдулаевн кхолламо гойту, Нохчийчохь гIаттамхошца болийначу къийсаман кепаша - Iазапаш, нах лечкъор, хIусамаш ягор - оцу доллучо а мелхо а шоръеш ю террорхойн база аьлла, тешна ву "Мемориал" центран "Горячие точки" программан куьйгалхо Орлов Олег.

Цо бахарехь, ГIалгIайчоьнан масало гойту, тIехь ницкъ а ца беш, къайлах лелачу тобанаш эшон гIортаро мел а эвсара ерзош хилар проблема.

2008-2009-чу а шерашкахь тIемалойн карах къаьсттина дукха полисхой бойъура, кхечу республикашца дуьстича, ГIалгIайчохь.

Амма, меттигерчу Iедалхоша юкъараллаца диалог йолийча, тIемалошна адаптаци еш комисси а кхоьллича, салафиташ лехар а сацийча, ГIалгIайчоь уггар а маьрша, паргIат мохк хилира Къилбаседа Кавказехь, боху Орловс.

"Мемориалан" кхеташонан куьйгалхочунна Черкасов Александрна хетарехь, ГIалгIайчоьнан экс-куьйгалохочо Евкуров Юнус-Бека чолхе, собар оьшуш болх бара дIахьош гIаттамхошца.

"Оццу шерашкахь, ГIалгIайчохь маьрша дара, ткъа Нохчийчохь стенгара юьйлу а ца хууш, тобанаш гучуюьйлура, ширачу къайлах леллачу тобанашца йоьзна а йоцуш, хетарехь, кхечу тобанашца къийсам латточу юкъанна, тIехь ницкъбаро яржийна. Масала, 2018-чу шарахь аьхка Шелахь тIелатар хилира. Цигахь динчу тIелатарехь дакъалаьцначу цхьанна тIехь хьалхо Iазап лелийна ма хиллера. Хетарехь, оцу бахьанца ша тоьлар волуш доцу дуьхьало йина хилла хир яра цо. Схьаоьцур вай изза Евкуров, 2009-чу шарахь хиллачу эккхийтарехь лазийра иза. Хетара, цул тIаьхьа цо шога къийсам латтор бу. ХIан-хIа, цо хьеъкалца, йиллинчу къепехь политика йолийра. Амма, тIаьхьа политикан ситуаци шен карара ялийтинехь а", - дIахьедо Черкасовс.

Оцу юкъанна Кадыровн политика, Черкасовна хетарехь, кечйина ю динан диссиденташца а, Iедалца ойла цхьана ца йогIучу нахаца а толеранталла янне а йоцучу буха тIехь. Оцо адам дуьхьалдоккху.

Цхьа тIемало масийттазза вийна аьлла, дIакхайкхош хьелаш хан хене мел йолу кест-кеста нислуш ду боху анализан, конфликташ эшоран центран директора Сокирянская Екатеринас. Цуьнан дешнашца а догIуш, хила тарло и доьзна тоъал информаци цахиларца я полисхойн белхан логикаца догIуш. Шайн белхан жамIаш дан дезаш хиларна уьш.

"Церан шайн дийцаре дуьллург ду. Наггахь белхан жамIаш оьшу. Къаьсттина кест-кеста нисло цу тайпаниг тIемалойн лидершца, я йоккхачу хенахь лехамашкахь хиллачу нахаца, церан маттахь аьлча, "дIаваккха" веза аьлла, юьхьарлаьцначуьнца а", - дуьйцу Сокирянскаяс.

Къамел динчо дагадаийтира, "Кавказан Имарат" организацин лидер Умаров Докка 2000-чу шарера схьа дуьйна лерича, 6-7 вийна хилар. Ткъа билггал велира иза 2013-чу шеран чакхенехь, я 2014-гIа шо долалуш.

Материалан автор Кавказ.Реалиин автор Абдуллаева Зайнаб

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Дьявольская жара + 38 градусов придет в Россию уже скоро: Вильфанд рассказал о самом жарком месяце

Бизнес-омбудсмен Москвы оказывает поддержку НМСП

Около 20 тысяч подростков трудоустроятся на летнюю работу в Подмосковье

Вице-мэра Орла задержали за препятствование бизнесу, сообщили СМИ

Музыкальные новости

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Московский аэропорт Домодедово и Всероссийское общество инвалидов заключили соглашение о сотрудничестве

Аксенов жестко выказался

Сергей Собянин. Главное за день

Новости России

Умер режиссер Камерной сцены имени Покровского ГАБТа Валерий Федоренко

Около 20 тысяч подростков трудоустроятся на летнюю работу в Подмосковье

США уведомили РФ о приостановке действия пунктов налоговой конвенции 1992 года

Минздрав: В Нижнем Новгороде 12 человек обратились к врачам с ботулизмом

Экология в России и мире

Gucci, коллекция menswear весна-лето 2025

Первый Международный фестиваль «Мир классического романса»

Триумфальное возвращение Льва Лещенко на сцену спустя месяцы затишья. Артист презентовал дуэт с солистом группы “Парк Горького” Сергеем АРУТЮНОВЫМ

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Спорт в России и мире

Овечкин, Яковлев, Фридзон и Мыскина сыграли в падел-теннис в Турции: «Победила дружба»

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Moscow.media

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

Портативный сканер штрих-кодов Heroje C1271 промышленного класса

Прогулка по Москве 1962 года

Bluetooth-сканер штрих-кодов SAOTRON P04 на базе CMOS-матрицы







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *