Голикова: Оьрсийчохь къоьлла ловш бу 80% доьзалш
Цо бахарехь, царна гIо кхачон оьшург 700 миллиард сом ахча ду. "Къоьллех вала аьтто бен сацамаш тIеэцарх" хьахийна Голиковас, "сихонца ца нислахь а, амма къоьлла эшон" таро хир ю аьлла, билгалдоккхуш. ХIун сацамаш бу бинарш вице-премьеро ца хаийтина.
Гезгамашин-баттахь Росстато хааме даьккхира, къен дахар хьоьгучу нехан терахь лакхадаьлла стохкалерачу шарца дуьстича аьлла. Церан зерашца, хьалхалерачу терахьашна 1,3 милион стаг тIе а кхетта, 20 миллионе гIоьртинера. И бохург ду - къоьлла ловш 13,5% пачхьалкхан бахархой хилар.
Карарчу хенахь Оьрсийчохь хIоранна а ваха оьшучу уггар лахарчу рицкъан барам бу 10 эзар 753 сом.