Хасаров ШаIрани. Бералла
![Хасаров ШаIрани. Бералла](https://gdb.rferl.org/10FF159E-FA59-43B5-8FD9-AEBD72733BDF_w800_h450.jpg)
Бералла
Хуьлура сол а сов йогуш
Бералла сан - деган гIан
ХIумма а ца дуьссу, бохуш,
Дуьненчохь тхойшинна дан.
И-м гIала хиллера йоккха.
Буьххьехь гуш тхуна тхайн ирс.
ХIетахь сатийсинчул доккха
Ас хIун ди? ХIун ди ас нис?
Шен шело чекхйохуш чкъурах,
ХIун дисси, бохуш, соь дан ?
Хьийзаш ю цу гIалахь суна
Ирс санна ца тоъна хан.
Бер доьду дIогахь, мохь бетташ,
Цунна тIе карчийна хIоз.
Дуьне а, хIинца со кхетта,
Довзалий хиллера моз.
1973 ш.