Кегийрхойн министраллан болх сацош бу Нохчийчохь
Структуран а, кадрийн а хийцамех лаьцна вистхуьлучу хенахь цо дIакхайкхийна, Умаров Джамбулат вице-премьер хIоттош ву ша аьлла.
"Арахьарчу а, чуьрчу а политикана тIехь Iуналла латтор ду цо", - яздо "Чечня Сегодня" агенталло.
Карарчу шеран Мангал-батте кхаччалц зорбан министр вара Умаров, тIаьхьо ресапубликан урхалхочун администрацин куьйгалхочун гIовс хIоттийнера иза.