Къилбаседа Кавказ: 36 дархо велла ковидах. Ун даьлла 1 248 стагана
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла ковидах 5 862 вахархо.
Къаьсттина дукха бу ун даьларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан махкахь – 244 стаг.
Ставрополан мохк + 244 (35 077 ву эпидеми яьржичхьана) Краснодаран кIошт + 194 (27 729)
Дагестан + 158 (23 461)
Нохчийчоь + 117 (8 668)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 102 (15 825)
ГIалмакхойчоь + 94 (14 782)
Кхарачой-Чергазийчоь + 88 (15 126)
Къилбаседа -ХIирийчоь + 86 (12 010)
ГIалгIайчоь + 85 (12 136)
Адыгей + 80 (11 025)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 175 839 стаг ву COVID-19 вирусца. Йоллу Оьрсийчохь ву, оперативан штабан зерашца, 3 159 297 стаг.