Кадыров Рамзанан а, цуьнан гергарчийн а цIераш лелайо Нохчийчуьрчу 346 урамо
Оцу эвлахь бу ишта Кадыровн ненан а, ден а, йишин а, шина вешин кIентан а, иштта, республикан куьйгалхочун бIанакъостан, парламентан спикеран Даудов Мохьмадан цIарах урамаш а.
Нохчийчоьнан Къилберчу Нажин-Юьртан кIоштахь, мехкан куьйгалхочун тайп цигара схьадаьлла ду, 53 яртех 48 эвлахь ду "Кадыровн урамаш". Ткъа Къилбаседа-Малхбалерчу Шелковскан кIоштарчу 25 эвлашкахь КадыровгIеран цIарах биъ урам бен бац.
Къаьсттина дукхачу урамашна техкина Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIе. ШолгIачу меттигехь гоьваьлла Кадыров Рамзан, цунна тIаьхьа цуьнан нана а, деда а ду.
Дахначу кIиранах дийца даьккхира, бюджетан чоьтах БIачи-Юьртахь шозза тIекIелйинчу спортан комплексна Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIентан цIе тиллина аьлла. Куьршала кIоштана чуйогIуш ю и эвла, цигахь ю КадыровгIар схьабевлла юрт а. Ши шо хьалха хийцира Хоси-Юьртан цIе Ахьмад-Юрт аьлла.