ГIалгIайн тукхамаша тIедожийна ТимурзиевгIеран гергарнаш дIахецар. Даудовца цхьаьнакхета реза ца хилла уьш
Юкъаралхочо Султыгов Сараждина дуьйцу керлачу видео тIехь, ТимурзиевгIар бехкехиларх видео гайтина царна ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхочо. Цу тIехь гуш ду, ши ваша карахь арсаш а долуш, Соьлж-ГIаларчу ППС-н белхахошна тIелеташ.
"Даудовс кхайкхинера тхо Нохчийчу оцу видеога хьовса, тхуна гина иза, цундела цига даха хьашт дац, - аьлла шен видеохь Султыговс. – Ролик тIехь дерг бакъ ду я дац, иза кхин хаттар ду, цу тIехь терго латтор яц оха. Амма оха тIедожадо – бакъо йоцуш Нохчийчохь лецна латтош болу ТимурзиевгIеран да-нана а, йиша а дIахецар. Оцу позици тIехь соьцу тхо".
Иштта церан цIийнах болчу наха кадам бина Нохчийчохь вийначу ППС-н белхахочух Джабраилов Мохьмадах.
Беттан 28-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, Соьлж-ГIаларчу ППС-н полисхошна тIелатар дина арсашца шиммо, цхьа полисхо вийна, шолгIачунна чевнаш йина аьлла. ТIелеттачарех цхьаъ а вийнера полисхоша, лазийна шолгIаниг чевнашца дарбан цIийне кхачийра. ТIаьхьо дарбан хIусамехь велира иза а.
Кадыровн версица, полисхошкара герз даккха гIоьртинера уьш. 2012-чу шарахь дуьйна Соьлж-ГIалахь шайн деца-ненаца вехаш хилла ши ваша: Тимурзиев Хьасан а, Хьусейн а хиллера и шиъ.