Кубанехь тIай эккхийта кечлуш лаьцначо ша ФСБ кхеро воллура аьлла
![Кубанехь тIай эккхийта кечлуш лаьцначо ша ФСБ кхеро воллура аьлла](https://gdb.rferl.org/0eaa1a97-f0ff-42a1-8d65-f775e6964ada_w800_h450.jpg)
Байначу баттахь тIайна гергахь оьккху коьчал йитарна лаьцначу Славянск-на-Кубани гIалин вахархочо полицига аьлла, Петербургера баьхкина ФСБ-н белхахой кхеро воллура ша.
Лаьцнарг гойтуш видео яржийна Baza телеграм-канало. Цу чохь цо боху, ФСБ шена тIаьхьаяьлла лела дуккха а хан ю.
Керла шо тIекхачале лецира гIалин вахархо цIерпоштин Краснодар-махкарчу Староминская социйлехь, тIайна гергахь, оьккху коьчал йитина аьлла.