ХIинца шаьшшиъ гIеххьачул тера ву вовшех, аьлла Кадыровс Трампан хьокъехь
"ХIинца тхойша гIеххьачул тера ву вовшех: хьалхо со цо социалан машанашкахь блоке хIоттийна хиллахь а, хIинца гIаттаме ваьлла волу Трамп Дональд ша ву блоке хьажийна", - яздо Кадыровс.
Американ Штатийн президентан Facebook и Instagram социалан машанашкара аккаунташ къовлур ю лаххара а I4 денна. Оцу хьокъехь дIахьедина Facebook корпорацин куьйгалхочо Цукерберг Марка. Иза оьшу Iедал керла хаьржинчу президенте Байден Джога маьршша дIадалийтархьама, аьлла цо.
Кадыровн Instagram а, Facebook а машанашкара аккаунташ къевлира 2017-чу шеран Iай, иза санкцийн "Магнитскийн тептара" язвина хиларца доьзна. Оцу бахьаница Mylistory социалан маша биллира Нохчийчохь. Амма нахалахь баржанза бисина и маша.