Набахтера хьелаш ца тайначу Царнаевс арз хьажийна кхеле. $250 доьху цо
Царнаевс щен дIахьедарехь боху, дискриминаци лелайо шеца набахтехь. Яздо, набахтера хьелаш вон хиларо талхайо шен могашалла а, психика а.
Арз цкъачунна листанза ду, цуьнан бахаьана а довзуьйту Iедало юкъараллина – Царнаевс чу ца делла орзанна тIе мел оьшу документаш, охьа ца биллина кхелан балхах болу мах. Оцу хькъехь яздо "Коммерсантъ" газето, Boston Herald-на тIе а тевжаш.
Уггаре луьра хьелаш латточу Флоренсерчу (Колорадо штат) набахтехь ву Царнаев ЖовхIар.
2013-чу шеран Охан-беттан I5-чохь Бостонехь кхо стаг а вуьйш, 280 лаза а веш, лелхийтарш дира цуьнан воккхаволчу вашас Тамерлана а, цо а. Тамерлан лоцучу муьрехь вийра.
Хьалхо хаам баьржира, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхина иза вен кхачош бина хилла сацам, аьлла.