Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Полици: Соьлж-ГIаларчу ФСБ-н гIишлона тIелата Iалашо хиллера Бютукаевн тобанан

Карарчу беттан 20-чохь Нохчийчохь дIахьочу леринчу операцехь байъина гIаттамхой Соьлж-ГIаларчу  къайлахчу сервисийн (ФСБ) гIишлона тIелатар дан кечлуш хилла. Кадыров Ахьмадан цIарахчу леринчу полицин полкан командиро Чалаев Замида дина оцу кепара дIахьедар.


"Операци дIаяьхьначу меттигехь церан йозанаш карийна тхуна, Бютукаев Асланан тIоьрмиг чохь. Цу тIехь билгалдаккхарца, ФСБ-н гIишлона тIелата Iалашо хилла церан", - аьлла цо журналисташка. Иштта Чалаевс дийцарехь, Бютукаевн тоба лечкъина Iийначу лаьтта бухара меттиг суьртийн гурашца билгалъяьккхина хиллера цара. Стохка ГIадужу-баттахь дуьйна цигахь куп тоьхна Iаш хиллера уьш.


Дагадоуьйту, Нохчийчохь хIаллакйина тIемалойн тIаьххьара тоба, шеца амир Бютукаев а волуш, дIахьедира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дахначу кхаарин дийнахь. Лерина операци дIаяьхьнера Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртахь.


"Дукха хан яра лерина операци Iалашоне йиллина. Ас айса дакъалаьцна иза кечъеш, говза кхочушйина операци цуьнан куьйгалхочо Чалаев Замида. Бандтобан шозза аьтто белира, тIом ца беш, къелхьаръяла. КхозлагIа араяьллачу Кадыров Ахьмад-Хьажин цIарх йолчу полках къайла ца бовлабелла уьш", - яздира Кадыровс шен телеграм-каналехь.


Цо бахарехь, президент Путин Владимир хууш хилла кечъечу операцех лаьцна, цо буьйцуш хилла нийса некъ, хьехна дараш доцуш гIуллакх чекхдаккхар.


Кадыровс дийцарехь, байъинарш бу махкара тIаьххьара тIемалой, евзина царех цхьаболучийн цIерш.


Бютукаев Аслан вина 1974 шарахь Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь. Хилла президентан Масхадов Асланан куьйга кIел. 2013-чу шарахь, «Кавказ Имаратан» баьчча Умаров Докка вийча хIоьттира цуьнан метте.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *