Навальныйгахьа хиллачу акцехь полисхойх леттачу нохчийн кIанте шайна тIевола, боху Делимхановс
"Нагахь санна, ахь церан позици тIеэцахь, цхьаннах а ида а ца уьдуш, царна тIаьхьа дIаваха веза хьо. Тхуна хаьа хьуна а, хьоьца болчарна а хIун дан деза. Нагахь санна, хьо церан хьежамашца вацахь, Рамзан-Хьаьжас, вайн паччахьо аьлла, низамех хьакхалучу агIор шаьш хьуна гIо дийр ду, хьо гучувалахь", - аьлла Делимхановс инстаграмехь бинчу видеокхайкхамехь, яздо "Медиазонас".
Дупутато юьйцу позици ю, "митингхоша къобалдеш хилар боьршачу стага борша стаг маре вига могуьйту" низамаш.
"Хьан деца къамел хилла тхан, нагахь санна, и позици хьо тIеоьцуш вацахь, нагахь санна, хьо нохчо а, бусулба а велахь, ахь яздийр ду тхан директе, йа тхоьца зIене вер ву хьо", - боху Делимхановс. Цо бахарехь, иштта цуьнца Москварчу университетехь доьшучу берашца а, цуьнан бевза-безачаьрца а къамел хилла церан.
Оппозиционер Навальный Алексей набахтера арахецарехьа а, пачхьалкхан куьйгалхоша ден къоланаш сецорехьа а, ерриг а Оьрсийчохь санна, гуламаш хIиттийра наха цхьаццайолчу Къилбаседа Кавказан коьртачу шахьаршкахь а.
Кавказ.Реалиин корреспондента бечу хаамца, Сочерчу дуьхьалона акце веанера лаххара а 500 вахархо. «Путин – къу!» хезара цигахь гуламхошкара. Лаьцна Сочехь лаххара а 80 стаг. Царна юкъахь яра "Новая газетин" корреспондент Костюченко Елена а.
"Полицин декъехь протоколаш ду хIиттош, со сихха дIахийцира. Сочин Центран полицехь 79 стаг ву лаьцна", - яздина Твиттерехь журналиста.
Краснодарехь протестан гуламехь хилла, журналисташа далочу тоьшаллица, 5000 гергга стаг.
ХIинжа-ГIаларчу Навальныйгахьа болчу гуламехь лаьцна 60 вахархо.
Ставрополерчу акцехь лаьцна 100 гергга стаг.
Ерриг а Оьрсийчохь тахана протестхойх лецна эзарнаш.
"Матросская тишина" олучу Москварчу талламан изоляторехь латтош ву Навальный Алексей, Чиллан-беттан 2-чохь хинйолчу кхеле хьоьжуш.