Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Джумаев дIахецар тIедожош пикете яьлла жигархо лаьцнера Москвахь

Оьрсийн оппозиционере Навальный Алексейгахьа хIоттийначу акцехь омонхошна дуьхьал тийсавелла аьлла, лаьцна Джумаев Сайд-Мухьаммад дIахецар тIедожош Москвахь цхьааллин пикет хIоттийна Пхунтсок Дина дIалаьцнера полицино. Протокол а хIоттийна, кхин а дукха латта а ца еш, маьршаяьккхина хиллера иза Москварчу Тверскойн полицин декъо.


ПIераскан дийнахь пикете яьллачу жигархочун карахь плакат хиллера: "Маьршаваккха Джумаев!", "Политикан тутмакхашна маршо ло!", "Бехке мел воцург маьршаваккха!" аьлла, тIеяздина.


Джумаевн цIе тIехь хиларна лаьцнера шаьш аьлла хиллера полицино Пхунтсоке, вуьшта цхьааллин пикеташ йихкина яц Оьрсийчохь.


"Нагахь санна, со цхьа кхинволу политикан тутмакх дIахеца аьлла, араяьлла хиллехь, хIуммаъ дацара, пикеташ магош ю элира соьга полицехь. Дискриминаци ю иза, нохчех кхерар а ду, берех а цхьана. Дерриг дика дерзахьара цуьнца", -аьлла жигархочо Кавказ.Реалиин корреспонденте.


ГIебарта Балкхаройчуьрчу жигархочун Кочесоков Мартинан карабогIучу беттан 8-чохь хинйолу кхел бахьана долуш а пикете яла дагахь ю ша аьлла, хаамбина цо.


Маршо Радионо яздира, кху беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьало ярх Джумаев Сайд-Мухьаммада. Видео интернетехула яьржинчул тIаьхьа полицино лехамашка веллера иза.


Еарин дийнахь лецира Джумаев Псковн кIоштахь. Оьрсийчоьнан дозанехула дехьа а ваьлла, Прибалтикехь къайлавала Iалашо хилла цуьнан. Джумаевс лелош хиллачу мобилан телефонца аьтто баьлла, иза волу меттиг билгалъяккха.


Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду, куьйгашца а, когашца а жимачу стага шена тIе гIожамаш еттачу ОМОН-ан эскархошна дуьхьалоеш.


"Бакъволу къонах", "киборг бохуш, дуккха а комментареш йитира Сайд-Мухьаммадах баккхийбечу наха видеона бухахь.


Iедалшкара пурба а доцуш, хIоттийначу акцехь полисхошна тIе куьйгаш даьхьна аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллина Джумаевна дуьхьал.


Фейсбукан агIонехь петици яржийна нохчаша, Джумаев бехке вац, иза маьршаваккхар тIедожош.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *