Нохчийчохь болхбан республиканна юьстахара нах лоьху Оьрсийчоьнан ФСБ-но
![Нохчийчохь болхбан республиканна юьстахара нах лоьху Оьрсийчоьнан ФСБ-но](https://gdb.rferl.org/0eaa1a97-f0ff-42a1-8d65-f775e6964ada_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан ФСБ-н дозалардаран урхалло Нохчийчохь болхбан оьцу оцу махкара боцу нах. Областера кегийрхой цига балха кхойкхуш, меттигерчу ФСБ-н урхаллина тIе а тевжаш, хаам баржийна "Новости Волгограда" газето.
"30 шо кхачанза хила беза балха хIуьттурш. Эскаршкахь гIуллакх динарш а, лакхара дешар чекхдаьккхина диплом дерш а оьцу балха", - билгалдоккху газето. Могашалла дика йолуш а, набахти текхна боцуш а хила беза балха оьцурш, аьлла бу хаам.
Контрактца сержантийн а, прапорщикийн а даржашка кхойкху волгоградхой. Уьш оьшу, газето бахарехь, Нохчийчоьнан лаьмнашкахь Оьрсийчоьнан доза лардан.
Хьалхо хаам баьржира, Оьрсийчоьнан ФСБ-но 2020 шарахь 1 миллиард 101 миллион сом хьажийна машенаш эца аьлла. И терахь дара "МБХ медиа" портало Iедалан цIарх йохк-эцарш ечу порталера схьаэцна.