Къона фудблогер Амелия
![Къона фудблогер Амелия](https://gdb.rferl.org/105f4e46-d9e7-4182-a6c5-268eedd7b7cd_tv_w800_h450.jpg)
Ютьюбехь гIаръяьлла 12 шо долу нохчийн фудблогер Пайзулаева Амелия. ХIора денна шен бабин, я ненан гIоьнца мел чолхе хиларх а, кеп-кепара юург кечйо цо. Иза Австрехь дуьненчу яьлла, Амелия цкъа а хилла яц Нохчийчохь, хIетте а карадирзина цунна нохчийн даарш кечдар а. Цул сов, шен агIонехь къоначу блогеро дуьйцу даймахкал а арахьа дIадоьдучу шен дахарх а, ша ехачу меттигах а, шен доттагIех а. Марша догIийла! Иштта йолайо цо шен хIора видео.