Путинехьа хIоттийна флешмоб емалйина гIалгIайн жигархо Iедало тIекхайкхина хилла
Меттигерчу экстремизмна дуьхьало латточу Центре кхайкхина хиллера гIалгIайн жигархо Хамхоев Гелани, Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирехьа акци бевллачу нахана критика йинчул тIаьхьа.
"Шу адамаш ма дац, вайгара латтанаш схьадаьхначу стагехьа ара муха девр ду, -боху жигархочо, флешмобан декъахошка вистхуьлуш. - Нагахь санна, балхах, йа дешарх шаьш дахарна кхоьруш дина хIума делахь, шу янне а йоцу хIуманаш ю", аьллера Хамхоевс, ша видео тIехь динчу дIахьедарехь, яздо "Фортангас".
2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно латтанаш хуьйцуш бинчу бертанан дуьхьал хIоттийначу митингехь дакъалацарна тIехула хьалхо дина таIзар лайна ву Хамхоев.
Магасерчу коьртачу майданахь дIаяьхьира студентийн флешмоб, Путинна тIехIуьттуш кху беттан 6-чу дийнахь. "Путин - тхан президент ву" бохуш, байракахш а лестош, акци вовшахтоьхначийн командаца маьхьарий деттара гулбеллачара, билгалдоккху "Фортангас".
Кху деношкахь масех Оьрсийчоьнан лакхарчу доьшийлашкарчу студенташа латкъамаш бира, шаьш Iеха а дина, гулдинера Путинехьа хIоттийначу флешмобехь аьлла. Москварчу Тимирязевн академин дешархошка аьлла хиллера, Оьрсийчоьнан байракхна хIоттош барам бу, ткъа Москварчу пачхьалкхан юридикан университетан студенташка аьллера, гуламан тема "ковидца къийсам латторехь лидер йолчу пачхьалкхна" тIехIоттар ю.