Оьрсийчохь лечу нехан терахь 18 гергга проценте даьлла
![Оьрсийчохь лечу нехан терахь 18 гергга проценте даьлла](https://gdb.rferl.org/890A3D63-548F-4AA2-AB0E-87B896C8EFE2_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан вице-премьеро Голикова Татьянас хаамбарца, дахначу шарахь динчу зерашца, 17,9 проценте лакхадаьлла лечу нехан терахь пачхьалкхехь. Стохка, цо бахарехь, 31 проценте дара коронавирусах беллачийн дакъа.
Росстатан статистикаца, 2020-чу шарахь Оьрсийчохь велла 2 миллион 124 эзар стаг.
Оцу юкъанна, Охан-баттера Дечкен-батте кхаччалц кхелхина COVID-19 вирусца доьзна 162 эзар сов пачхьалкхера вахархо
Оьрсийчохь 2020-чу шарахь дуьненчу девллачу берийн терахь (цхьа миллион 400 эзар сов) 2002-чу шарера схьа дуьйна лерича, тIех лахара ду, яздо "Интерфаксо".